Соьлжа-ГӀаларчу «Западный» автовокзалера ремонтан белхаш дӀабирзина.

ХӀинца цуьнан майда кхин а 150м² шорйина, пассажирашна леринчу меттигашна кхин 30 меттиг тӀе а кхеташ.
Берашна ловзаран майда а кечйина чохь, иштта, йохк-эцар лелочу совдегаршна лерина кхин 4 туька а йина.
Хийцамашка а хьожуш, автовокзалехь хиллачу Транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана лаккхара мах хадийна цигахь бинчу белхан.
Цул сов, и автовокзал тойар а, шорйар а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 71 шо кхачарна лерина хилар а хаийтина цо.