БIеннаш хилла Кехерчу школашкахь хьехархой. Къоначу тIаьхьенна серлоне некъ хьехарх шайн дахаран къилба дина лаьттина нах бу уьш. Царах цхьаннен а цIе йицйина яц, уьш гуттаренна а беха кхузарчу бахархойн иэсехь. Берригенан цIерш яха тар ца лахь а юьртана, махкана уггаре а хала даьхкинчу шерашкахь белхаш бинчех масех хьехархочух лаьцна кIеззиг дийца луур ду.
Магомадов Идрис, 1936-чу шарахь Буйнакскера хьехархойн училище чекхъяьккхина Дагестанан Цумадински районерчу Кедихь хьехархочун болх беш вара. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча Гуьржийчуьрчу Телави гIаларчу гIашлойн училище деша хьажийра иза. Училище чекх а яьккхина лейтенант а волуш тIаме хьажийра Идрис. Жима Латта мостагIех паргIатдоккхуш дакъалецира цо. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа вирзира Даймахка. ХIеттахь Кенхерчу ворхIшеран школе хьехархо хIоттийра иза. Оццу школехь хьоьхуш яра Кенхера яхархо Магуева Зайнаб. Вовшийн девзина дукха зама ялале керла доьзал кхоьллира Идриса, Зайнаба. Цаьршиннан ши доьзалхо: Султан, Лайсат, ден-ненан лорах дахара – хьехархой хилира царах а, церан доьзалхойх: Хадижатах, Рисалатах, Манаршех, Забах.
Вай лакхахь хьахийначех вара Омаров Мохьмад а. Буйнакскера хьехархойн училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа Кенхерчу ворхIшеран школе балха хьажийра иза. Юьхьанцарчу классашна хьоьхуш вара иза. Школехь болх беш волуш евзира цунна Хадумова Зайнаб, иза яла а йира. Махьмуд-Апанди, Джамилат – ши доьзалхо кхиира церан бертахьчу доьзалехь. Школехь жIайхойн мотт а хьоьхура Мохьмада, шайн маттахь стихаш а язйора. Школехь классал арахьарчу урокашкахь дешархошна йоьшура цо шен стихаш. Даймахках, гIиллакх-оьздангаллех, Iаламах, безамах лаьцна, кIорггера чулацам болуш хуьлура уьш. Махьмуд-Апанди а волавелира шен да санна стихаш язъян, таханлерчу дийнахь жIайхойн вевзаш волчех цхьа поэт ву иза. Оьрсийн матте йохуш а арахецна цуьнан дуккха а стихаш.
Р.МУСИПОВ
№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо