«Вектор NEXT» олуш йолу 24 автобус эцна. Соьлжа-ГӀалин йукъараллин транспортан хьашташна лерина йу уьш.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана билгалдаьккхина керлачу автобусех заьӀапхойн а пайдаоьцийла хилар.
Цул сов, ахча электронни кепара схьаэцаран терминалаш а хир йу царна чохь.
И мехала гӀуллакх Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 71 шо кхачарна лерина хилар а хаийтина министра.