А-Хь.Кадыровн фондо рогӀера гӀо-орца хьажийна Мариуполе

Донецкан а, Луганскан а халкъийн республикашна гӀо-накъосталла даран болх сацош бац Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

РогӀера гӀо-орца фондо Мариуполерчу санитарин эпидемиологин станцин белхахошна дахьийтина.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина гӀо-орца йукъахь йовха бедарш а, мачаш а, церан балхаца хьашто йолу техника а, канцелярин гӀирсаш а, и.д.кх.а хӀуманаш хилар.

Нохчийчоьнан Куьйгалхо тешна ву оцу гӀо-орцанах церан балхана боккха Ӏаткъам хирг хиларх.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: