ЗаьӀапхошна лерина физкультурин-спортан комплекс схьайиллина пачхьенехь

Шайх Мансуран кӀоштахь (Соьлжа-ГӀала) схьайиллина заьӀапхошна лерина йолу физкультурин-спортан комплекс.

Волейболах а, футболах а, теннисах а, баскетболах а ловза а, физкультурах пайдаэца а заьӀапхошна мел оьшу хьелаш ду цигахь кхоьллина.

Республикин «Спорт — дахаран къепе» проектаца йина йу комплекс.

Цу чохь спортан а, тренажерийн а залаш, лоьран а, садаӀаран а, кхачанан а, администрацин а чоьнаш йу.

Цул сов, уьйтӀахь машенаш дӀахӀиттайойла а, футболан йоккха майда а йу.

Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхочуш хиларна лерина дара комплекс схьайеллар.

Цигахь дакъалецира Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада а, Физически культурин а, спортан а министра Эдилов Валида а, кхечара а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: