Нохчийн Республикин культурин денош дӀадолийна Дагестанехь

Луларчу Дагестанехь Нохчийн Республикин культурин денош дӀадахьар М.Лермонтовн цӀарахчу Оьрсийн драмин театран спектаклаца дӀадолийна.

ХӀинжа-ГӀалахь хӀоттийна «Бэла» спектакль М.Лермонтовн «Герой нашего времени» романан буха тӀера йу.

Безачу хьешийн тӀегӀанехь цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан культурин министран декхарш кхочушдечу Байсарова Марета а, Дагестанан культурин министра Бутаева Залинас а.

Шен къамелехь Байсарова Марета Нохчийчоьнан культурин министран Кадырова Ӏайшатан декъалдаран кост дӀадийшира.

Ткъа Бутаева Залинас билгалдаьккхира шина республикин халкъийн динан а, историн а, культурин а дакъошкахь шира йукъаметтигаш хилар.

Карарчу беттан 27-гӀа чекхдаллалц а лаьтташ, Дагестанехь Нохчийн Республикин культурин денош дӀадахьар Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхочуш хиларна лерина ду.

Билгалдоккху иштта денош хӀинцале а ГӀезалойчохь дӀадаьхьна хилар.

Цул сов, ГӀалгӀайчохь а, Къилбаседе ХӀирийчохь а, ГӀебартойн-Балкхаройчохь а, Кхарачойн-Чергазийчахь а, Адыгейхь а дӀадахьар ду Ӏалашонехь.

ХӀоразза а Кадырова Ӏайшата билгалдоккхуш ма-хиллара, муьлхха а кхеташ волу мотт — иза культурин мотт бу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: