Республикехь болх бечу спортан федерацеша бюджетан ахчанах пайдаэцаран гӀуллакх толлур ду Физически культурин а, спортан а министерствос.

Оцу ведомствон куьйгаллехь волчу Эдилов Валидна хьалха иштта Ӏалашо хӀоттийна Кадыров Рамзана.
Цул сов, тренировкийн гуламаш вайн махкахь дӀабахьар алсамдаккхар а тӀедиллина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Спортхойн хьокъехь дуьйцуш, кегийрхошна уьш масал гойтуш хила безарна тӀе тидам а бахийтина цо.
«… Шаьш нохчийн спортхой хилар дӀакхайкхош а болуш, шаьш лелочу хӀуманашца дийнна вайн халкъ сийсаздеш болу нах а хаалуш бу«, — билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
И гӀуллакх а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тӀедилларца а догӀуш, шен тидаме оьцур ду Эдилов Валида.