Соьлжа-ГӀалахь йечу Дзюдон туьшахь хилла Кадыров Рамзан

Россин Президентан Путин Владимиран цӀарах а йолуш, Соьлжа-ГӀалахь йечу Дзюдон туьшахь хилла Кадыров Рамзан.

Кадыров Рамзан — йечу Дзюдон туьшахь

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхина оцу туьшахь спортхой олимпийн ловзаршна кечбийр болуш хилар.

Дукхахьаштийн комплекс йеш йу кхузаманахьлерчу лехамашца.

Карарчу хенахь белхалоша къахьоьгу чуьра а, арара а пенаш кечдарехь, силаман чкъор уьйтӀа дилларехь, кетӀе а, ков-керт а битаме далорехь.

Комплексехь тренировкийн чоьнаш а, бассейн а, къовсамаш дӀабахьаран йоккха зал а, кхачанан чоь а, хьешацӀа а, машенаш дӀахӀиттайойла а йу.

И туш схьайиллинчул тӀаьхьа аьтто хир бу цигахь республикин а, федерацин а, дуьненайукъара а тӀегӀанийн къовсамаш дӀабахьа.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: