Кенхехь дуккха а зама хьалха дуьйна а терхенашкахь дуьйш лелош дара латта, вуьшта ламанца Iаламат кIезиг ду дIаден пайдехь долу латтанаш. Хьалх-хьалха дуьйна алсам долчу декъана кIа дара кхузахь лелош, шолгIачу меттехь бара мукх. Ткъа XIX-чу бIешерийн чаккхенеххьий, XX-чу бIешерийн юьххьеххьий ламанца йолчу районашкахь коьртачу декъанца хьаьжкIаш яра юьйш-лелош. ХьажкIаш къиорехь Къилбаседа Кавказехь а хьалхарчу меттехь яра хIетахь Нохчийчоь. Йокъа хIоьттича а, йочана совъяьлча а атта ца телха хьаьжкIа. Цу заманахь алсам дууш дерг ахьар дара. Цул сов кхоь, саьрамсекх, картол яра юьйш-лелош. Къаьсттина дика кхуьура кхузахь картолаш. Бахархоша аренга кхечу хIуманашца хийца а кхоьхьура уьш. Вуон ца кхуьура кхузахь ветанан хIу а, эринчул тIаьхьа леррина йолчу хьерашкахь вета доккхура цунах. Дуккха а лазаршна пайде лоруш ду иза. Стоьмаш ца лелабора кхузахь. Дукхах болу стом дагестанера схьакхоьхьуш.
Кенхерчу бахархоша дукха хьолахь уьстагIий лелор. Уьш леладора уггаре а санехь гIуллакх дара. Шура, жижиг, тIаргIа лора цара. Кхуза, Кенхи, Iаьндара, Рахатара нах лелара тIаргIа эца. Вуьшта меттигерчу зударша пазаташ а, куйнаш а, каранаш а дора тIаргIнех, кIеззиг бен бацахь а тIергIан кузаш дийраш а бара.
ШолгIачу меттехь дара бежанаш лелор. Цхьцца-шишша етт бен цакхобурш а хуьлура, ткъа цхьаболчу доьзалша, шайн кхаба таро хиларе хьожжий, итт, кхин сов а кхобура. Кхузахь лелош долчу бежанех дукхах дерш ламанан хIух дара.
Аьчган пхьола дийраш а бара юьртахь. Кенхера бара гуонахарчу ярташкахь а дика бевзаш болу аьчгапхьераш: Гошо Эху, Мику Эху, Газиев Богьовди, цуьнан ши кIант ГIази, Аьстамар, кIентан ши кIант Ахьъяд, Ражабилав. Карарчу хенахь а бу кхузахь аьчгапхьола деш нах, царах ву Ахмедов Мохьмад, цуьнан бераш. Говрашна ленаш а, мангалш а, готанан хьонхалш а, маьрсаш а, иштта бахамехь оьшу йолу кхин хIума а йора цара.
Нийса хир дац дечигпхьерех лаьцна а ца аьлча. Дечиган пхьола деш вара кху юьртара Хадисов Мохьмад, Хаджимурадов Абдулнатип, Кахиров Сайпуди, Халакаев Махьмуд, иштта кхиберш Стол-гIант, кад-Iайг, ага, тIорказ, бахамех оьшуш йолу кхин дуккха а хIума дечигах йора цара.
Ахьар, вета доккхуш хи тIехь йолу пхи хьер а яра юьртахь, ткъа карарчу хенахь царах кхоъ бен ца йисина. ЦIеяххана хьархой бара Богодинов Гази, Ахмедов Мохьмад, Хизбулаев Салмандибир.
Амма дерриге а заманца хийцалуш схьадогIуш хилларе терра, дуккха а хIума хийцаделла кхузахь а, хIинцалерчу замане хьаьжжина ду юьртан бахамехь долу хьал.
Р.МУСИПОВ
№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо