Гуьйренан а, Ӏаьнан а мур тӀекхочуш хиларе терра, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, махкахь жигарбаьккхина COVID-19-на вакцинацеш йаран болх.

Вакцинаци а, ревакцинаци а йаран декъехь къахьоьгуш 46 туш йу республикехь.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Могашалла Ӏалашйаран министра Лорсанов Сулеймана хаийтина йукъараллин коронавирусан инфекцина дуьхьал йолу иммунитет 10% бахархойн бен цахилар.
И терахь сихонца а, дукхазза а хийца дезаш ду — билггал аьлча, 10% тӀера 80% тӀе кхача дезаш ду иза.
Болх алссам бан безаш хиларна, медицинин организацешна муниципалитеташкара гӀо-накъосталла оьшург хилар а хаийтина Могашалла Ӏалашйаран министра.