СБУ-с ша цхьамогӀа зуламашна бехкеварна жоп делла Кадыров Рамзана

Украинин кхерамазаллин гӀуллакхалло ша бехкеваран хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Рамзана.

«СБУшникаш, тхо кхача деза меттиг къастайайша. Хазахетарца тхо дӀа а догӀур ду, зуламхо а, нахбойъург а, террорист а вайх мила ву а къастор ду«, — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Telegram чуьрчу шен каналехь ша даржийначу аудиокостехь.

Цо дийцарехь, Украинехь дӀахьочу лерринчу тӀеман операцехь дакъалаьцна а, дакъалоцуш а, дакъалоцур долуш а ву иза, шерашкахь хьийзош а, Ӏазапехь латтош а хилла маьрша бахархой кӀелхьара а бохуш.

«Соьга хаьттича, ас Киев тоххара схьайаьккхина хир йара. Зеленский а, цунах тера мел верг а тоьланашкахь хир вара, шайца дӀахьош талламан белхаш а болуш. Мариуполехь азовцаш санна, шу а къайладевлла тхох. Киев схьайаккха а, хьоьга, КВНхо, кхачаме жоп хатта а тхуна пурба ца луш волчу Путинна баркаллаш баха дезаш ву хьо«, — дийцина Кадыров Рамзана.

Мартыновн хьокъехь дуьйцуш, иза, Нохчийчохь а воцуш, МЧС-хь болх беш хилар хаийтина республикин Куьйгалхочо.

Тидамза ца витина Межидов Хьусайн а.

«Ткъа шун каде тоба схьайаьккхина а, къаной а, зударий а ларбина а волу Межидов Хьусайн тӀелатарна кечамаш беш ву«, — дерзийна цо шен аудиокъамел.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: