РогӀера маьждиг меттахӀоттийна ГаланчӀожан кӀоштахь

Аьккхахь (ГаланчӀожан кӀошт), тодина а даьлла, схьадиллина Рузбан-маьждиг.

Аьккха | меттахӀоттийна маьждиг

Оцу меттигашкахь тӀулгех долчу маьждигашлахь шира ларалуш а долуш, 240 сов шо хьалха дина а хилла ду иза.

Нохчийн халкъ махкахдаккхаран 1944-чу шарахь дохийна хилла и маьждиг, хӀинццалц, йа кхойкхуш молла а воцуш, йа деш ламазаш а доцуш, саьлнашкахь Ӏиллина ду.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, меттахӀотточу ГаланчӀожан кӀоштахь некъаш дахаран белхаш дӀабахьаро аьтто бина иза меттахӀотторехь оьшуш болу гӀирсаш хьалабахьа а, меттахӀотторан белхаш дӀабахьа а.

Маьждиг схьаделларехь дакъалаьцна 1 эзар сов стага, шайн могӀарехь Ӏедалан белхахой а, Ӏеламнах а, Аьккхара схьабовлар дерш а, цхьамогӀа тайпанийн векалш а, хьеший а болуш.

«Комитет Акка» йукъараллин куьйгаллехь волчу Мурдалов Мусас хаийтина и маьждиг меттахӀотторехь, ницкъ кхачаре хьаьжжина, хьалха цуьнан хилла куц-кеп ларйина хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: