«Евразин аз — 2022» фестивалехь толам баьккхина «Вайнах» ПТРК-с

«Евразин аз — 2022» йерригроссин фестивалан жамӀаш дина ХӀинжа-ГӀалахь.

Веселаева Рузана

Россин культурин тӀаьхьалуонан шарна лерина йара иза.

Цигахь дакъалоцуш Нохчийчоьнан векал а йара — «Вайнах» ПТРК-н директор Веселаева Рузана.

Жюрин куьйгаллехь Йерригроссин пачхьалкхан телерадиокомпанин коьртачу директоран заместитель Сабитов Рифат вара.

Халкъийн ламасташ а, къаьмнийн йукъаметтигаш а, культурийн зӀенаш а Ӏалашйарна лерина 400 сов болх бара жюрин кхиэле биллина.

«Публицистикин тоьлла программа» декъехь диплом «Вайнах» ПТРК-на делла.

Даймехкан гӀаролехь шен кӀенташа къахьоьгучу нохчийн зудчух а, цуьнан дахарх а дуьйцу «До встречи в горах» программина (автор — Бокарова Лариса) делла ду иза.

Программин турпалхо йолу Мацуева Дашман нохчийн зудчун бӀаьрла масал ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: