«Вайнах» ансамблан концертаца дӀадирзина НР-н культурин денош

Дагестанехь дӀахьош хилла Нохчийн Республикин культурин денош пачхьалкхан «Вайнах» ансамблан концертаца дӀадирзина — хелхарийн а, музыкин а, хореографин а гайтамех лаьтташ йара артистийн программа.

И денош дӀадахьарехь дакъа мел лаьцначарна баркалла элира Дагестанан культурин министран заместитела Гаджиев Мурада.

Лаккхарчу тӀегӀанехь вайн векалш тӀелацарна Дагестанан культурин министрана Ажуева Заремина баркалла а олуш, цигарчу шайн белхан накъосташна нохчийн культурин хьукматан совгӀаташ дина Нохчийчоьнан культурин министран декхарш кхочушдечу Байсарова Марета.

Билгалдоккху луларчу республикехь Нохчийн Республикин культурин денош хӀокху беттан 25-27-чуй деношкахь дӀадаьхьна хилар.

ДӀадолор Нохчийчоьнан культурин министран Кадырова Ӏайшатан долу и культурин гӀуллакх Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхачарна лерина ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: