Нохчийн цӀейахханчу спортхой-блогершна дӀахаийтина халкъан сий а, цӀе а бехйаран гӀуллакхаш лело мегарг цахилар.

Оцу гӀуллакхна тӀе тидам бахийтар айъинарг Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан ву.
Цуьнца а догӀуш, лакхахь хьахийна спортхой-блогерш Соьлжа-ГӀалахь схьагулбинера.
Нохчийчоьнан физически культурин а, спортан а министерствехь цаьрца цхьаьнакхетар дӀадаьхьира ведомствон куьйгаллехь волчу Эдилов Валида а, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада а, Экономикин а, йукъараллин а кхерамазаллин кхеташонан секретара Алаудинов Аптис а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министран заместитела Ирасханов Аслана а.
Спортхой-блогершка цара дийцира нохчийн халкъан ламасташца а, Ӏадаташца а догӀуш доцу а, халкъан сий а, цӀе а вуочу кепара йоккхуьйту а хӀуманаш лелор маггане а мегарг цахилар.
Цул сов, тӀекхуьучу чкъуро шайх масал оьцуш хилар гуттар а иэсехь латтор а кхайкхира цаьрга.