Нехаш дӀасалистаран 4 комплекс йу Нохчийчохь йеш: Гуьмсан а, Шелан а, ТӀехьа-Мартан а, Теркан а кӀошташкахь.

ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос билгалдоккху уьш йаран белхаш карарчу шеран гӀуран (декабрь) баттахь дӀабоьрзург хилар.
Церан гӀоьнца 270 эзар тонна нехаш дӀасакъасто аьтто хир бу республикехь.
Нехаш дӀасалистаран декъехь иштта ницкъ болуш хир йу хӀора а комплекс:
► 100 эзар тонна (шарахь) / Гуьмсера комплекс;
► 100 эзар тонна (шарахь) / Шелара комплекс;
► 50 эзар тонна (шарахь) / СемаӀашкара комплекс;
► 20 эзар тонна (шарахь) / ЧӀуьлгин-Юьртара комплекс.