Тамаев Асхьабан а, Махмудов Дибиран а хилла дар-дацар дӀадирзина

Тамаев Асхьабан а, Махмудов Дибиран а хилла дар-дацар, дижа ца дуьтуш, даржош ду хӀокху тӀаьхьарчу деношкахь.

Цхьаберш иза кхин а генадаккхаран Ӏалашо йолуш а бу. Цунна тидам бина Кадыров Рамзана.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь ша бинчу хаамехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхина, Асхьаб а, Дибир а маслаӀате кхойкхуш, Дагестанан муфтин хӀусамнанас Гамзатова Ӏайнаа кост дина хилар.

Ӏайнаа цаьрга динчу дехарна тӀе тидам бахийтина Кадыров Рамзана — ший а, АллахӀан дуьхьа, вовшийн къинтӀеравалар.

Зудчо, коьртара йовлакх йукъа а кхуссуш, мостагӀалла долчарна йукъара чӀир а сацош, Кавказан халкъашлахь долчу ламастах лара шен дехаран кост аьлла, кхайкхам а бинера Дагестанан муфтин хӀусамнанас.

Цуьнца а догӀуш, Асхьабан а, Дибиран а хилла дар-дацар дӀадирзина хилар дӀакхайкхийна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Иштта, оцу хиламах бахьана а дина, Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а водительшна новкъарлонаш йан дагахь болчаьрга а, питанаш ма де аьлла, дехар дина цо.

Цул сов, Нохчийчохь и тайпа харцонаш цахилар а хаийтина Кадыров Рамзана.

«… Некъа тӀехь цхьанна гӀуда тохахь а, иза тохаран бахьана билггал хуьлуш ду — некъан боламан бакъонаш талхор«, — йаздина цо.

Оцу декъехь харцонаш Дагестанехь хирг цахиларх шен дегайовхо хилар а хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: