Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерствон штатехь йоцу коьрта говзанча эпидемиолог Муртазалиева Асет Къилбаседе-Кавказан ФО-ла штатехь йоцу коьрта говзанча эпидемиолог хӀоттийна.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан могашалла Ӏалашйаран министра Лорсанов Сулеймана билгалдаьккхина Асета Коронавирусан инфекцица къийсам латторехула йолчу Кадечу штабан секретаран даржехь а къахьоьгуш хилар.
COVID-19 республикехь йаржарца къийсам латтийна ца Ӏаш, вакцинацеш йаран а, бахархошца кхеторан болх дӀабахьаран а дакъошкахь а жигаралла гойтуш йу иза.
Ша оцу дарже хӀотторан хьокъехь дуьйцуш а йолуш, Асета цхьана хӀуманна тӀе тидам бахийтина — республикерчу эпидемиологаша бечу белхан хадийна мах иза хилар.