Къоман «Дешар» проектан гурашкахь кхочушйечу «Кхузаманахьлера ишкол» программица керла 2 ишкол йина Гуьмсан кӀоштахь.

Керлачу Шоьнахь а, Хошкалдахь а йолу и шиъ, кхеташ ма-хиллара, кеста дешархой тӀелаца кечйеш йу.
Оцу декъерчу белхийн могӀарехь ду царна тӀедоьлхучу некъашка силаман чкъораш дахкар а.
Цул сов, ишколийн маршруташ хӀитторан болх а дӀабаьхьна цигарчу а, кӀоштахь мел йолчу а дешаран хьукматашна лерина.