Шен дахар библиотекица доьзна

Бераллехь долалуш ду адаман книгица долу доттагIалла. Воккха мел хуьлу а бес-бесара книгаш йоьшуш хаарийн лакхене гIерта хIора а. Вайн берийн шайн луучу хенахь библиотеке даха, луу книга еша аьтто хилийта гIерташ болх бечарех ю Россин Федерацин культурин хьакъйолу белхахо Сайдумова Зулай.

Цо Нохчийн Республикин берийн библиотекехь болх бен 40 шо сов хан ю. Школехь йолуш дуьйна жигархо хилла Зулай. Шена тIедиллина долу гIуллакх лерина дика чекхдоккхуш а хилла цо. Ша школехь йолуш болийна библиотекаран болх.

– Библиотекарь хир ю со аьлла цкъа ойла йина яцара со, цхьа де тIекхаччалц. Лакхарчу классехь долуш, хIорамма цIера книгаш еана, классан библиотека йийр ю аьлла, барт бира оха. Ткъа тхан хьехархочо оцу библиотекин заведующи со хIоттийра. Оцу дийнахь схьалаьцна и некъ, сан дахаран некъ хилла дIахIоьттина, – бохура З.Сайдумовас. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1970-чу шарахь Соьлжа-ГIала Культурни — просветительски училище деша яхара Зулай. 1971-чу шарахь Соьлжа-ГIалара А.Гайдаран цIарах хиллачу библиотеке балха яхийтира. Цигахь методистан болх бан йолаелира. Шен балха тIехь кхиамаш бохуш, таханлерчу дарже кхаччалц схьаеана иза.

Нохчийн Республикин хаарийн туш хилла дIахIоьттина берийн библиотека.

17 эзар книга ю библиотекин фондехь.

Шен балхана хьанал а, муьтIахь а хиларна, Зулайна дуккха а совгIаташ дина, сийлахь цIерш елла. 2003-чу шарахь Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо цIе тиллина цунна. Оццу шарахь Россин Президентан В.В.Путинан цIарах Баркаллин кехат делла. 2005-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан цIарах а Баркаллин кехат делла.

2015-чу шеран апрель баттахь С.Михалковн цIарах йолчу Нохчийн Республикин берийн библиотеко дакъалаьцна «Россин тоьллачех йолу 100 библиотека» цIе йолчу конкурсехь. Цигахь хьалхарчу 10-на юкъахь хилла вайн берийн библиотека.

Цигахь дакъалаьцна йолу Сайдумова Зулай лаккхара совгIаташ дохьуш еана: «Россин тоьллачех 100 библиотека» диплом, дашон мидал, «2015-чу шеран библиотекарь» сийлаллин цIе.

Оцу кхиамашка боьду некъ хIумма атта ца хилла цуьнан.

1995-чу шарахь, хьалхара тIом сецча, берийн библиотека а болх бан йолало куьйга ловзарийн стадионехь. Дагестанера, ГIебартойн-Балкхарера 6 эзар экземпляр книга йохьу Зулайс. Ткъа 1999-чу шарахь гуьйранна юха а Нохчийчохь баьллачу тIамо доь ца дуьту царах. Берийн библиотека шолгIа метахIоттор дIадолало 2000-чу шеран мартехь. Дуккха а халонаш лайнехь а, библиотека болх бан йолало.

Берийн библиотеко дукха сиха уьйраш дIатуьйсу Россин Федерацин субъектийн дукхах йолчу библиотекашца.

Болх дIаболийначул тIаьхьа, «ДуьненатIехь машаре сатуьйсу» суьртийн, сочиненийн конкурс дIахьо цо. Къаьсттина терго йо заьIап берийн. «Некъ эшабо воьдучу» проект ю кхузахь кхочушъеш. Проектан коьрта Iалашо ю цомгашчу беран книгица уьйр хилийтар. Библиотекин белхахой бераш Iачу цIа боьлху, царна шайца берийн книгаш хьо. Таханлерчу дийнахь Сайдумова Зулайс кхочушъеш кхин а дукха проекташ, мероприятеш ю: ешаран культура, ешархошца аьхкенан болх, «Гаьнгали» телевизионни передача. Передачин Iалашо ю нохчийн мотт безийтар а, бовзийтар а, нохчийн яздархойн кхолларалла йовзийтар а.

ХIара 2015 шо Литературин хиларе терра, библиотекехь дIахьош ю литературица йоьзна тайп-тайпана цхьаьнакхетарш: «Поэтические нотки, «Литературный портрет», иштта дIа кхин а. Соьлжа-ГIаларчу ерриге а школашца уьйр латтош, царна юкъахь дIахьо и конкурсаш, цхьаьнакхетарш, тоьллачарна совгIаташ а деш.

Авхадова Хьава

 №70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: