ЖКХ-н объекташ 80%-на кийча йу гуьйренан-Ӏаьнан муьрана

Махкара хӀусамийн-коммунальни бахаман объекташ гуьйренан-Ӏаьнан муьрана кечйаран белхаш товбецан (сентябрь) беттан чаккхенехь дӀабоьрзур бу.

Карарчу хенахь оцу декъехь жигара къахьоьгуш белхалой бу, ткъа хӀусамийн-коммунальни бахаман объектийн кийча хиларан тӀегӀа 80% тӀехь ду.

Иза билгалдаьлла ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствехь дӀайаьхьначу кхеташонехь.

Циггахь билгалдаьккхина гуьйренан-Ӏаьнан муьрана йеккъа цхьа хӀусамийн коммунальни-бахаман объекташ кечйар тоаме хирг цахилар — дукхапетарийн цӀенош а, социальни объекташ а кечйан йогӀу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: