Керлачу Шоьнахь а, Хошкалдахь а керла ишколаш схьайиллина

Къоман «Дешар» проектан гурашкарчу «Кхузаманахьлера ишкол» программица йина 2 ишкол схьайиллина тахана Гуьмсан кӀоштахь:
► 360 меттигна леринарг — Керлачу Шоьнахь;
► 720 меттигна леринарг — Хошкалдахь.

Хошкалдара ишкол

Ишколашкахь бегӀийла дешаран кабинеташ а, гуламан а, спортан а залаш а, библиотекаш а, футболан а, волейболан а, баскетболан майданаш а, битаме уьйтӀеш а йу.

Ший а ишкол схьайеллар хӀокху деношкахь билгалдаьккхинчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 71 шо кхачарна лерина дара.

Даздаран хиламашкахь дакъалецира Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис а, Гуьмсан кӀоштан префекта Магамадов Хьамзата а, меттигерчу бахархоша а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: