Соьлжа-ГӀалахь дийцаре дина махкарчу тутмакхашка «ОНИКС» йукъараллехь а къахьегийтаран гӀуллакх.

Оцу Ӏалашонца цхьаьнакхетар хилла йуьйцучу йукъараллин а, ТаӀзар кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин а векалийн.
Ма-дарра аьлча, цигахь айъина «ОНИКС»-н буха тӀехь белхан (нисбаран) туш кхоллар.
Туьшахь, кхеташ ма-хиллара, тутмакхашка къахьоьгуьйтур ду.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархойн барт а хилла оцу декъехь — йийцаре йина туш 2023-чу шарахь кхуллур йу, цигахь къахьега 50 тутмакх а хӀоттор ву.