Оцу дерригено а гойтуш ма-хиллара, вермахтан командованис фронтан цхьана зилехь баккхийчу ницкъашца тIелетарца шайна вайн дерриге а эскарш тIеозорехьа гIуллакхаш дора, кегийчу тобанашна мукъане Теркана къилбехьа агIор дехьа йовла аьтто бан гIерташ. МостагIашна санна оцу тIемашкахь баккхий эшамаш хуьлура ЦIечу Эскарна а. Луьра тIемаш а беш, баккхий эшамаш а хуьлуш цуьнан подразделенеш юхайовлуш хиллехь а, Къилбаседа Кавказан фронтан командованин штабехь контртIелатар даран планаш яра кечъеш. Соьлжа-ГIалина боккха кхерам бара. Цунах дика кхетарна, шайн хьоме гIала ларъян дIахIиттира иттаннаш эзарнаш соьлжагIалахой а, Нохч-ГIалгIайчоьнан бахархой а. Закавказски фронтан Къилбаседа тобанерчу советийн эскаршна (куьйгалла) буьйрдеш хиллачу эскаран инарлас И.В.Тюленевс тоьшалла дарехь, дуьхьалонан гIишлошъян арабевлира: «вахтера мокъабевлла белхалой, студенташ, дешархой, цIенаной, хехой, урамаш цIандархой, актераш, инженераш, хьехархой, бошмашлелорхой, жаIуй… Болх, олуш ма-хиллара, дийнахь а, буса а кхехкаш бара, цхьана а минотана соцуш бацара. МостагIаша бомбанаш етташехь мехкадаьттанхоша Соьлжа-ГIалина гуонаха чIагIонаш йора, некъашкахь, Терках сехьадовлийла долчохь тIулгех дуьхьалонаш йора. Халачу, кхерамечу хьелашкахь цIерш дIайойъура, бензин чохь долу резервуараш кIелхьара йохуш».
Соьлжа-ГIалахь а, цунна гуонаха а дуьхьалонаш яран белхаш барехь дакъалецира 40 эзар сов стага. Машенашъяран а, металлах гIуллакхдаран а заводаша танканаш чекх ца йовлийта эзарнаш «зуьнаш» йира. Уьш дIахIиттийра танканаш чекхйовла тарлучу меттигашка. Малгобекана къилбехьа, мостагIийн яккхийчу тоьпаша а, кеманаша а тIеетташ бомбанаш а, снарядаш а йолуш, Доьлакерчу а, Ачалукерчу а колхозхоша, соьлжагIалахошца цхьаьна танканаш чекх ца йовлийта саьнгарш, оьрнаш, хершнаш дехира. Немцойн танканаш чухьаьвдда, тIом уггаре а марсабаьлла дIабоьдучу хенахь, танкаш чекх ца йовлийта 23 километр ехачу саьнгарчу мехкадаьтта доьттира цIеяйъархоша, иза доьттина ца Iаш 7 эзар кубометр хи доьттина дIаюьзира танканашна дуьхьал яьхна йолу кхин саьнгарш а.
Соьлжа-ГIалина гуобаьккхина чIагIонаш йира. Цига дIахIиттийра советийн эскарш. Вермахтан генеральни штаберчу Кремера 13-чу танкови дивизин командованига хаам бора: «Хьесапе эца деза мостагIчо Терк хи, чIогIа дуьхьало еш, лардеш хилар, хаддаза контратакаш еш хилар. Церан Iалашо ю Соьлжа-ГIалара а, Бакура а мехкадаьтта долу меттигаш ларъян. Вай коьрта тохар дан дезаш йолчу Соьлжа-ГIалина чIагIонийн кхо гуо бина». Оцу муьрехь Соьлжа-ГIалина гуонаха йинчу дуьхьалонийн чIагIонаша доккха маьIна лелийра Къилбаседа Кавказ ларъярехь. «Кхузахь, – яздора шен коьртачу статьяхь 1942-чу шеран 26-чу сентябрехь «Красная звезда» газето, – хилира Даймехкан тIеман шолгIачу шеран коьрта хиламаш. Къилбехь дIабоьлхуш болу тIемаш муха чекхбевр бу бохучух боьзна бу Даймехкан, маршонан кхоллам а, советийн миллионаш адамийн дахар а… Советийн къилбе ларъечарна тIехь ду хIинца 1942-чу шеран аьхкенан компани ерзарх, Советийн пачхьалкхан кхолламах долу Iаламат мехала жоьпалла. Церан жоьпалла дуста мегар ду 1941-чу шеран гурахь Москва ларъеш хиллачеран жоьпаллица».
Августан чаккхенехь Моздок а, Прохладный а гIаланаш схьа а яьхна, фашистийн эскарш догIуш лаьтташехь Теркал сехьа довла гIоьртира. Берриге а сентябрь баттахь луьра тIемаш хилира. И бахьанехь мостагIчунна баккхий эшамаш хилира. Кхузахь билгалдаккха деза октябран юьххьехь гитлерхоша вуно хала схьаяьккхинчу Малгобекехь а, октябран чаккхенехь а, ноябран юьххьехь а дуккха а деношкахь Орджоникидзе (Владикавказ) юххехь а хилла тIемаш шаша къастийча а мехала хиллехь а, коьртачу декъана мостагIий Соьлжа-ГIалина тIе ца кхачийта беш тIемаш хилла хилар. ХIунда аьлча фашистийн Германин эскарийн коьрта Iалашо хилла юьсуш яра мехкадаьттан промышленностан юкъ хилла лаьтта Соьлжа-ГIала схьаяккхар. Ткъа советийн эскарийн коьрта декхар дара Соьлжа-ГIала шайн карахь сацор, мостагIа оцу гIала цавитар.
Вермахтан йовсарша Малгобек схьаяьккхинчул тIаьхьа Берлинехь радиочухула дIахьедора: «КIеззиг сахьташ, аьлча а кIеззиг миноташ бен ца йисина Соьлжа-ГIала схьаяккха. Тхо Iалхан-Чуртан аренга долчу кевнна хьалхха лаьтташ ду, цунах «мехкадаьттан бух» олу. Амма советийн эскарша немцой Соьлжа-ГIалина тIе ца кхачийтира я Малгобекера Iалхан-Чуртан аренан агIонгахьара а, я Эльхотовн кевнехула Орджоникидзе йолчу агIорхьара а, я Соьлжа хин йистошца йолчу аренашца а, я Алагир-Орджоникидзехула а.
Дийна а, йохоза а йолуш шайга Соьлжа-ГIала схьаяккхалург хиларх дог диллинчул тIаьхьа гитлерхоша октябран юьххьехь дIадолийра гIалина бомбанаш еттар. Мехкадаьтта Iалашдечу меттигашна, мехкадаьттан заводашна, мехкадаьтта, бензин, мазот, мехкадаьттан кхидолу сурсаташ чохь долчу даккхийчу яйшна стиглара тохарш дарца уьш йохийна ца Iаш, догуш долчу мехкадаьттанах гIалин урамаш дIадуза, мехала административни, промышленни, тIеман объекташ аьтта дIаяхийта дагахь бара фашисташ. Люфаввен цу тайпана дуьххьарлера доккха тIелатар дар дIадаьхьира 1942-чу шеран 10-чу октябрехь. «Юнкерс–88» цIе йолу немцойн ши бIе сов кема къилбехьара чуьхьаьдира. Заводской (Сталински) районе дIадоьлхушшехь, «юнкерсаша» гIалина тIекхуьйсура фугасни а, цIейоккху а бомбанаш. Юккъерчу базарна тIехула чекхлелхаш, цигахь долчу адамашна пулеметаш йиттира. Заводской районе дIакхаьчча, цигахь мел йолчу хIуманна бомбанаш еттара, массо хIума отура. Лелха а лелхара, яга а йогура мехкадаьтта кховсуш йолу установкаш, насосни станцеш, мехкадаьтта а, мехкадаьттан сурсаташа а чохь долу даккхий яйнаш. Сийначу цIарах йогуш яра гIалахь еккъа цхьаъ бен йоцу ТЭЦ. I88 яйнах бохийна дIабаьккхинарг 87 бара. И цхьа тIелатар дар бахьана долуш ягийра ши бIе сов объект.
Соьлжа-ГIала ларъеш хиллачу 744-чу зенитни-артиллерийски полко а, ПВО-н грозненски дивизис а, Чоьхьарчу Кавказан ВВС-н истребителийн гIоьнца фашистийн 35 стервятник дохийра. Немцойн кеманаш тIелатарна кхин а чIогIа кечбелира гIала ларъеш берш. «Юнкерсашна» а, «мессершмиташна» а дуьхьал хIаваэ гIоьттира Лавочкинан конструкцешца дина керла кеманаш. Советски Союзан Турпалхо Давидков хьалха а волуш, вайн летчикаша дохош, стиглара чуоьхуьйтура мостагIийн дукхах долу бомбардировщикаш а, уьш лардеш долу истребительш а. Иштта, I0–I5-чуй октябрехь Соьлжа-ГIалина тIехулара стигал луьра тIемаш дIабоьду меттиг хилла лаьттира.
Соьлжа-ГIала ларъеш болчара шайгара турпалалла гайтина хиларе хьаьжна доцуш, гIала чIогIа йохийнера. Цунна тIехула хьалаоьху даккхий кIарраш геннахь – Дагестанан пачхьенехь Махачкалахь а тIехь – гуш бара. КIуьро къайлабаьккхинера Соьлжа-ГIали тIехулара малх. Дуккха а меттигашкахь йогуш цIерш яра. Къаьсттина кхераме хетара царах цхьа миллион тонна мехкадаьтта Iалашдечу меттигах яьлла цIе. Бомбанаша йохийначу дуьхьалонашкахула, саьнгаршкахула гIали юккъе хьаьддера мехкадаьтта. Ша тIекхаьчна хIума ягайой дIайоккхура цо. Ур-аттал трамвайн аьчга некъаш а, богIамаш а, буц санна, хебий, хьаьрчий дIадовлура. Догуш долу мехкадаьтта нах бехачу хIусамашна тIекхача кхерам кхоллабелира. ЦIе яйъа арабевлира цIеяйъархой. Царна гIонна баьхкира гIалин бахархой. КIуьра, цIара юккъехула цара хершнаш дохура, мехкадаьтта сацош, цIерш йойъура. ЦIеяйъархойх а, царна гIонна баьхкинчарах а дукхах берш дикка багийнера, цхьаберш кхелхинера. «Комсомольская правда» газетехь журналиста Каменин Анатолийс яздора: «Нагахь санна хIинца Сталинградехь уггаре а цIеяхна, сийлахь бIаьхо артиллерист а, бронебойщик а лоруш велахь, Соьлжа-ГIалахь цIеяйъархой а, зенитчикаш а лору».
Шайн хьалхарчу тIелатаршкахь мостагI 70 кема дохийна витира. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIали тIехула наггахь бен ца лелара фашистийн кеманаш. Амма бомбанаш еттар сацийна дацара. Оцу хьолехь а, юкъахдийлар доцуш, болх беш яра гIалара заводаш. Цара хаддаза фронтана кхачойора ягоригца, патармашца, минометашца, гранаташца, тIамна оьшуш долчу кхечу хIуманца. ГIалин бахархошна хIинца набкхетара бомбанийн, зениткийн гIовгIанехь.
Сталинградерчу майрачу бIаьхошца цхьаьна I942-чу шеран чаккхенехь Чоьхьарчу Кавказан Къилбаседерчу эскарийн дакъоша, царна юкъахь дуккха а соьлжагIалахой а бара, доккха контртIелатар дIадолийра. МостагIийн дуьхьало кагйина, Нохч-ГIалгIайн дозанехь царна боккха эшам а беш, генна юхакхийсира уьш. Соьлжа-ГIали йистехь иза ларъеш хилла Невран а, Шелковски а районашкара ЦIечу Эскаран дакъош 44-чу Эскаран №55 йолчу тIеман омрица нийса а догIуш, мостагIашна тIелетира 1942-чу шеран 30-чу ноябрехь Iуьйранна ялх сахьт даьлча. Цара цхьаьна тIемаш бора Донерчу дошлойн гвардейски корпусца цхьаьна. Цара мастагIа малхбузехьа дIаэккхо волийра.
Иштта чекхбелира Кавказехьа болчу къийсаман дуьхьало яран мур, дIаболабелира тIелатаран мур. 1941–1942-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIала ларъярехь дакъалацарна а, цунна гергахьа йолчу меттигашкахь бIаьхаллин хьуьнарш гайтарна а 80 эзар сов соьлжагIалахочунна «За оборону Кавказа» мидалшца совгIат дира. Цхьаболчарна Советски Союзан Турпалхочун а, Социалистически Къинхьегаман Турпалхочун а лаккхара цIерш елира.
Кхузахь эшаро мостагIчун дог-ойла йожийра. Цунна цул тIаьхьа Кавказехь тIелатарш дан ца лиира. Кавказан фронтехь долу хьал советийн командованин куьйга кIел дирзира. Бакъду, фашисташа дерриге а дора Теркайистехь шаьш дIалаьцначу меттигашкара юха ца бовлархьама а, шайн ницкъаш керлачу эскаршца а, тIеман техникица а дуккха а алсам а баьхна 1943-чу шеран бIаьста а, аьхка а юха а Соьлжа-ГIалина тIелатар дIадолорхьама.
Амма Гитлера а, цуьнан генералитето а дан леринарг чекх ца делира. Цуьнан эскаршка лан ца лора советийн салтийн а, эпсарийн а тIелетар. ТIеман арахь байъинарш а, чевнаш хилларш а, тIеман техника а юьтуш мостагIий юхабовлура. 1942-чу шеран 24-чу декабрера 1943-чу шеран 4-гIа январь кхаччалц Къилбаседа Кавказехь хиллачу тIамехь немцойн 11 эзар салти а, эпсар а хIаллаквинера. Советийн эскарша схьаяьккхинера 150 танк, 109 йоккха топ, 208 пулемет, кхидолу герзаш а, патармаш а. Йохийнера 170 танк, 42 йоккха топ, 18 кема, кира тIехь долу 390 машен, 222 пулемет.
Иштта йоьхна, яьржина дIаелира мехкан уггаре а мехала йолу мехкадаьттан районаш – Соьлжа-ГIала а, Баку а схьаяккхаран Гитлеран план. Шайн ницкъах, тIамехь толам боккхург хиларх шеко кхоллаелира фашистийн салташкахь а, эпсаршкахь а.
Цу тайппана, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь даккхий хьуьнарш гайтира Нохчийчоьно а, цуьнан пачхьено – Соьлжа-ГIалано а. Республикин бахархоша шайн тIеман а, къинхьегаман а хьуьнаршца йоккха хазна юкъайиллира вайн юкъарчу Сийлахь-боккхачу Толамна. Кавказехьа дIабаьхьначу къийсамах дерг аьлча, тхуна хетарехь, хIинца а хьокъала боллу мах ца хадабо Соьлжа-ГIалано тIеман муьрехь лелийначу экономикин а, стратегин а маьIнин. ТIемаш беш йолчу агIонашна стратегин а, тIеман а, экономикин а коьрта объект хилла дIахIоьттинера Соьлжа-ГIала. Иза карахь йолчуьнгахь толам болуш берза тарлуш бара тIом. И бакъдерг тIелаца ца лаьа цхьаболчарна. Цхьана хенна Кавказехьа а, Сталинградехьа а дIахьош болу тIемаш Советийн Союзан коьртачу тидамехь хилла Iаш бацара. Цунна тIехь тидам латтош дара дерриге а дуьне. Къилбаседа Кавказера цхьамогIа гIаланаш дIаяхарехьа (цу юкъахь «бIаьхаллин сийлаллин гIала» цIерш елларш а йолуш) дIахьош хилла тIемаш, церан мехалле хьаьжна ца Iаш, немцоша Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттана тIекхача гIерташ дина ду. Оцу тIемашкахь а, шайн хьоме гIала ларъеш санна, доккха дакъалаьцна Соьлжа-ГIалахь вовшахтоьхначу тIеман дакъоша а, соьлжагIалахоша а.
М.ИБРАГИМОВ, историн Iилманийн доктор,
И.ХАТУЕВ, историн Iилманийн кандидат,
И.САРДАЛОВ, историк
№70, еара, 25 июнь, 2015 шо