Экстремизман материалийн федеральни могӀаре «Сахьихь аль-Бухари» жайнин цхьа гоч а даккхаран хьокъехь Нохчийчоьнан Муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин дӀахьедар довзийтина Telegram чуьрчу шен каналехь Кадыров Рамзана.

Цул сов, хааман оцу костехь шен хьежам а гайтина республикин Куьйгалхочо.
«… Бу бохуш болу Ӏеламнах тап-аьлла Ӏийна хиларца а догӀуш, оцу балхана хьокъала доцчу экспертизе гӀо дехна кхиэлахоша«, — йаздина цо.
Иштта, «Сахьихь аль-Бухарин» хьокъехь дуьйцуш, Делан Элча волчу Мухьаммадан ﷺ дахаран хьокъехьчу хьостанех бакъ-хьоста иза хилар а чӀагӀдина Кадыров Рамзана.
Буьйцучу суьдан сацамна тӀе пачхьалкхан куьйгалло а, Президентан администрацис а тидам бохуьйтург хиларх ша тешаш хилар а хаийтина цо.
«Тхан ларамечу Муфтис шайх Межиев Салахь-Хьаьжас билгал ма-даккхара, оха, Россерчу бусалбанаша, и сацам йемал а бо, иза хийцар а доьху, тхайн кхайкхам дӀахезарг хиларх тешаш а ду«, — дерзийна шен кост Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.