Даудов Мохьмад: «Сахьихь аль-Бухарин» хьокъехь болу суьдан сацам йухаталла безаш бу

Мухьаммад Пайхамаран ﷺ дахар довзийтаран «Сахьихь аль-Бухари» жайнин цхьа гоч экстремизман материалийн федеральни могӀаре тохаран хьокъехь дӀахьедар Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада а дина.

Даудов Мохьмад

Цо билгалдаккхарехь, оцу хаамна чӀогӀа реза боцуш, дарбелла бу Россера бусалбанаш, хӀунда аьлча, Сийлахь Къуръан дӀадаьлча, шега болчу ларамца 2-чу меттехь лаьтташ ду и жайна.

И гӀуллакх пачхьалкхан куьйгалло а, Президентан администрацис а тесна дуьтург хилар ца хета шена аьлла, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, суьдан кхиэл йемалйаран хьокъехь долу Нохчийчоьнан Муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин а дӀахьедарш къобалдар а хаийтина Даудов Мохьмада.

«Оха, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа, цхьабосса къобалдо Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Нохчийчоьнан Муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин а дӀахьедарш. «Сахьихь аль-Бухари» жайнин гоч экстремизман материалийн федеральни могӀаре тохаран хьокъехь болу суьдан сацам, хьокъала болччу Ӏеламнахах пайда а оьцуш, йухаталла безаш бу«, — билгалдаьккхина цо.

Иштта, оцу декъехь нийсо а, бакъо а толорхьама оьшшу гӀулчаш Нохчийн Республикин Парламента йохург хилар а дӀакхайкхийна Даудов Мохьмада.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: