Мариуполера маьждиг А-Хь.Кадыровн фондан чоьтах тодеш ду

Белхан гӀуллакхца Донецкан Халкъан Республикехь волу Россин Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адам Мариуполехь а хилла.

Мариуполь | дохийна маьждиг

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина меттигера маьждиг меттахӀотторан гӀуллакх цо цигахь теллина хилар.

Мариуполехь тӀеман хиламаш дӀахьочу муьрехь, кхеташ ма-хиллара, оцу «Делан хӀусамна» а зенаш хиллера.

Цигарчу хьолаца аьтто баларца дӀадолийна иза меттахӀоттор.

Берриге а белхаш дӀабахьар Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо шена тӀелаьцна.

Карарчу хенахь говзанчаша чуьрчу а, арарчу а пенаш тӀехь къахьоьгу, ткъа герггарчу хена чохь чуьра пенаш туркойн куц-кепехь кечдарна тӀе а боьрзур бу уьш.

Билгалдоккху ша и маьждиг а туркойн хьалхалерчу архитектурин куц-кепехь дина хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: