Берашна а, кхиазхошна а лерина туберкулинодиагностика дӀайолош йу

Карарчу баттахь дуьйна дӀайолош йу вайн махкахь туберкулинодиагностика. Берашна а, кхиазхошна а лерина хир йолуш йу иза.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан могашалла Ӏалашйаран министерствос билгалдоккху берашлахь туберкулез а, садаӀаран меженийн цамгарш а йаржарна дуьхьалонна лерина болх иза хилар.

Иштта, ведомствон векалша хаийтарехь, Къилбаседе-Кавказан ФО-хь йовхарийн цамгаран менингит хилар 3-хьа хааделла, шайн могӀарехь Нохчийчоь а йолуш.

Цуьнца а догӀуш, медицинин хьукматашна тӀедиллина берашна а, кхиазхошна а флюорографин талламаш баран а, йовхарийн цамгарна тесташ йаран а болх жигарбаккхар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: