Нохчийн Республикин историна лерина викторина дӀахьур йу

Карарчу беттан 6-чохь билгалдоккхучу Республикин денна лерина а йолуш, оццу дийнахь викторина дӀахьур йу Кегийрхойн гӀуллакхийн министерствос.

Соьлжа-ГӀаларчу М.Эсамбаевн бульварехь вовшахтухур болу и болх Нохчийн Республикин историна лерина хир бу.

«Нохчийн Республикин историца йоьзначу викторинехь шен хаарш талла аьтто болуш хир ву муьлхха а. Нийса жоьпаш — мехала совгӀаташ«, — билгалдаьккхина ведомствон векалша.

НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ИСТОРИНА ЛЕРИНА ВИКТОРИНА: ➡️ Терахь: товбецан 6-гӀа де; ➡️ Хан: 16 сахьт 30 минот; ➡️ Меттиг: М.Эсамбаевн бульвар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: