«Ахмат» спецназан кхиамаш бу Донецкан Республикехь

Донецкан Халкъан Республикехь, масех кӀошт а лоцуш, доккха тӀелатар дӀахьош ду «Ахмат» спецназан бӀаьхоша а, Луганскан Халкъан Республикин Халкъан милицин 2-чу корпусан салташа а.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхина тӀелатар Соледаран а, Яковлевкин а, Северскан а гуонахарчу кӀошташкахь дӀахьош хилар.

Билггал аьлча, оцу меттигашкахь мостагӀехь дӀацӀанйийр йолуш йу 60 км гергга майда.

«Ахмат» спецназан командира Алаудинов Аптис, Кадыров Рамзанна ша хаам беш а волуш, шайн тӀелатаро мостагӀна алссам зенаш деш хилар хаийтина.

И видео, лакхахь билгал ма-даккхара, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Telegram чуьрчу @RKadyrov_95 каналехь зорбатоьхна йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: