Хийцамаш бIаьрла бу, дан дезарг кхин а дукха ду

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Россин регионийн куьйгалхошна юкъахь даима а хьалхарчу могIаршкахь лаьтташ ву. ХIунда аьлча, цо аьлларг, цунна хетарг цкъа а ца дуьллу шеконе, иза шен ондда бух болуш хиларна. Кхечу кепара ду цуьнан дуьнене хьежар, шатайпана ду хиламийн мах хадор. Уггаре а коьртаниг – дош лардан, шена хеташ дерг нийса, бух болуш хилар чIагIдан хаьа. Цунна къеггина тоьшалла хилира федеральни центраца йолчу юкъаметтигех, политик Немцов Борис верах, дуккха а кхечунах лаьцна цо ИНТЕРФАКСАН бIаьргтохархошца Терехов Вячеславца а, Новиков Андрейца а дина къамел а.

223264_600

Ишттачу меттехь догIуш а ма-хиллара, къамел уггаре а хьалха республикехь тIаьхьарчу шерашкахь хиллачу хийцамашна тIера дIадолийра, царах хьакхалуш дара журналисташа дина хьалхара хаттар а.

– ТIаьхьарчу шерашкахь шун республикехь баккхий хийцамаш хилла. Иза къаьсттина бIаьрла гуш хуьлу тIемаш дIабирзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь хилаза волчунна. Иза дерриге а коьртачу декъана федеральни ахчанан чоьтах-м дац Рамзан Ахматович?

– Хаддаза еш ю суна иштта Iоттар. Цхьаъ эр ду ас шуьга, кхечу регионашна санна ло тхуна субсидеш – кхин сов а йоцуш, кхин кIезиг а йоцуш. Федеральни Iалашонан программица Нохчийчоьнан гIолаца билгалдина дара 130 миллиард соьман барамехь долчу ахчанца, цунах тхуна схьаделларг 70 миллиард сом гергга бен дац. ТIемаш болчу хенахь тхан республика кхоччуш йохийна а хиллашехь. Уггаре а хьал долуш йолчу регионашна а ло федеральни центро алсам ахча, амма даима лерехь ерг Нохчийчоь бен яц. ЧIогIа лаьа тхан мостагIашна кхузара хьал кхечу, дастамечу кепара гайта. Тхан республиках лаьцна йохуш йолчу сюжеташкахь чIагIдан гIерта гулъеш йолу налогаш Нохчийчу дIайоьлху, цигахь уьш тIепаза йов бохург. Иза цхьа а тайпа бух боцуш долу харцдерг ду. ДуьххьалдIа цхьацца болчарна ца дезало пачхьалкхан куьйгаллина тIаьхьа хIутту волу иштта нохчи а, шен цигара 97 процент бахархой цунна тIаьхьахIуьттур болуш йолу республика а хилар. Олуш ма-хиллара, къола дича а бехке ву, къола деш вацахь а бехке ву. Сан бехк бу оха къола а ца деш, болх беш хиларна.

– Ала йиш юй, республико ахча тIеттIа алсам ша доккху аьлла, муха ду хIоранна тIебогIу пайданаш кхиар?

– Мегаш ду дер-кх. Экономикин цхьадолчу дакъошкахь кхиар тхо долчохь 100 проценте кхаьчна, шен кхиаран боларшца республика пхеа лидерна юкъайоьду. Оха схьайоьллу заводаш, фабрикаш, алсамдоккху налогаш гулъяр. Бакъду, къастийна цхьалхадаха дезаш долу гIуллакхаш а дац кIезиг. Масала, хеталора, Россин яккхийчу банкаша регионашна гIо дан деза аьлла, амма цара тхуна кредиташ ца ло. Дерригенна тIехь тхан проекташ тоьллачарах а йоллушехь: уьш оьшуш дерг довза таро йолуш ю, пайда бийр болуш ю, церан ахчанна буьззинчу барамехь кхерамазалла хирг хиларна тешам ло. Ахча хьайна доьхуш санна дехарш деш хьаьдда-ведда лела веза. Доладо бух боцу къамелаш, Кадыров шех тIех сов дозалла деш ву, цхьанна тIом дIакхайкхийна. ГIуллакх цунах доллуш дац. Нагахь сох регион тешийнехь, ас жоп ло бахархойн синтемах, цаьргахь долчу хьолах.

– Йолуш юй шун дозанал арахьара инвестицеш? Мичара?

– Йолуш ю уьш. Масала, карарчу хенахь Цхьаьнакхеттачу Iаьрбийн Эмираташца  барт хилла тхан жимачу а, юккъерчу а бизнесан гIолацар цара шайна тIелоцур долуш. Шайн гIуллакх дIадолош болчу тхан предпринимателех хIоранна а 50 эзар долларан барамехь гранташ лур ю. Тхо гIуллакх дан гIерта тайп-тайпанчу инвесторшца, дика юкъаметтигаш яра тхан Израильца, Малхбузерчу Европица, амма санкцеш юкъаялор бахьанехь дерриге а сецна. ЧуйогIуш йолу инвестицеш ца совцийтархьама хIинца кхечу неIарехула чуваха везаш хуьлу. Россин а, кхечу мехкийн а инвесторша дакъа а лоцуш кхочушъян йолийна дуккха а проекташ ю тахана Нохчийчохь. И бахьанехь керла эзарнаш белхан меттигаш кхолла таро хир ю, алсамбер бу бюджете кхочушдолчу ахчанан барам.

– Иза сихха дан уггаре а атта кеп ю мехкадаьтта даккхар, цунах гIуллакх дар. Советийн Iедалан заманахь Нохчийчохь шарахь 20 миллион тонне кхаччалц доккхура иза.

– Тахана мехкадаьтта даккхар 600 эзар тонне кхаччалц лахделла, СССР-хь тхан мехкадаьтта уггаре а цIеначарах хиллехь а. Тахана «Iаьржа деши» даккхарх тIебогIуш цхьа а тайпа пайда бац. Геологоталламна къастош ерш кепекаш ю, керла скважинаш яц, ткъа йолуш йолчарна тIера луш ерш Москва дIайоьлху. Изза ала йиш ю мехкадаьттанах гIуллакх даран заводах а: президента тIедиллина хиллашехь, гIуллакх цкъачунна меттахдалаза лаьтташ ду. Къайле схьайоьллуш хила а мега ас, амма мехкадаьтта алссам ду тхан, къаноша чIагIдарехь, СаIудийн Аравехьчул кIезиг доцуш.

– Россин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбатоьхна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондах лаьцна материалаш, царна юкъахь ю фонд тIеюзуш ю республикин бахархошкара гулдеш долчу ахчанийн чоьтах, бохуш чIагIдеш ерш а тIехь. Иштта дуй иза?

– Газетана ахча луш верг мила ву хаа деза, и ахча хьаьнгара ша схьаоьцу. Оцу адамех беркат ца долу шайн гIуллакх долош болчу Россин предпринимательшна, бизнесменашна. Кхечарна Iаткъам бархьама цара пайдаоьцу билггалчу гIирсех, шен бизнес кхуллу, ткъа цуьнан газето иштта пайдабоцу материалаш зорба туху. Нагахь республикин цхьана вахархочунна а буьззинчу барамехь алапа дIа ца делча сайх чекх са гур дара суна. Адамийн белхан алапашна тIера ахча сацош верг суна я стаг а, я бусалба а ца хета. Сан да велча, сан нанас кхоьллира и фонд, тхан долуш дерг дерриге а цунна юкъа а дохуьйтуш. Карарчу хенахь фондо бизнес лелайо, объекташ йо, ахча доккху, ткъа хиллачу пайданах оьшучарна гIо до. Ас а, тхаьш республикин стадион юхаеш цхьа «Жигули» йоцург дIайоьхкира ерриге а машенаш, сайн дерриге а алапа фонде охьа а диллира. Иза массарна а хууш ду. Суна дуьхьал сан ден-ненан цIарах пайдаэца ойла йолуш верг чIогIа гIалатваьлла, цунах жоп дала а дезар ду.

 

(Чаккхе 2-чу – агIон тIехь)

– Дуьйцур вай республикехь политикин системехь долчу хьолах. ДуьххьалдIа харжамаш барехьа ву хьуо, бехира ахь. ХIинца а хилла вуьсуш вуй хьо оцу ойланехь? Нохчийчоьнан Куьйгалхо массара а кхаж тасарца харжаре кхача гIертар вуй хьо?

– Ас даима а баьхна регионан куьйгалхо дуьххалдIа массара кхаж тасарца харжа веза. Нагахь вай депутаташ, муниципалитеташ хоржуш хилча, субъектан куьйгаллина хIунда ца ло иштта тешам? ТIаьххьарчу чоьтехь цунах хуьлуш дерг, регионашкахь Iедал дIало сий-ларам боцчу, шайн гIолоцуш бахархойх 3–4 процент бен боцчу адамашка. И халкъ теша деза шен куьйгалхочух? Нагахь харжамашкахь 90 процентал кIезиг кхаьжнаш сайн хилча, со цкъа а хуур вацара хIокху гIанта тIе! Амма Нохчийчохь дуьххьалдIа харжамаш дIабахьарх лаьцна долу хаттар соьга ца деш Москвага дан деза. ДоггIучуьра, харжамийн кампани дIахьочу хенахь Россин Президентан суьртах пайдаэца мегар дац боху соьга. Ткъа хьаьнца даккха деза сурт? Обамица даккха-м ца деза иза? Суна ца лаьа я Обамица а, я Меркельца а. Суна лаьа сайн президентаца, со цуьнан векал ву. Стенна кхуллуш ду пайдабоцу хIуманаш. Нагахь со президентана уллехь гуш шайна эхь хетахь, стенна латтош ву со куьйгаллехь? ДIаала, Iодикайойла, цIа гIо – цо дерриге а чекхдоккху.

– Нагахь хьуна 90 процент кхаьжнаш луш хилча, шун оппозици хир яц-кх.

– Тайп-тайпана хуьлу оппозици. Харц а, хабаршца кхоьллина йолу а оппозици тхуна оьшуш яц. Хьанна ца ло ас болх бан таро, шен халкъана гIуллакх дан? Со мостагI ву адамаш дойъуш, къола деш болчеран, бевдда Европе дIа а бахана, цигара схьа тхан республикин а, мехкан а сий-ларам лахбан гIертачу шайтIанан Iалашо юьхьарлаьцначу векалийн. Нагахь билггал Iалашо шена хьалха хIоттийна оппозицера политик гучуваьлча, хьем ца беш гIур вара со иза волчу, къамел дийр дара цуьнца. Вац сан шеца бийца юкъара мотт карор болуш волу стаг. Ткъа нагахь соьга жоп далалур доцуш хаттарш цуьнан делахь, со хIунда Iаш ву хIокху гIантахь? Суна сайна хIумма а ца оьшу, регионан, республикин дуьхьа болх беш ву. Сан кхоллам боьзна бу Нохчийн Республикица, дийнна Россица.

– Болуш ма-бу политикин тайп-тайпана ницкъаш. Шу долчохь болуш буй уьш?

– Кхузахь йолуш ю ерриге а партеш – парламентан йоцурш, парламентана юкъайоьлхурш, юкъараллин, динан политически организацеш. Шайна хеташ дерг ала йиш ю церан. Телевиденехь къамел деш ас доьху: майрра критика е суна, дерриге а дика хуьлийла дац. Тамашийна хетий? Массарна а моьтту Кадыровна дуьхьало ян, критика ян мегар дац. Шайггара кхоьллина хIуманаш ду уьш.

– Ницкъаш барна дуьхьал йолчу комитетан векалша кхин чIагIдо.

– И комитет хIун деш ю кхузахь? Тхо долчохь тIом а бац, цхьанна а ницкъаш а ца бо, лечкъош адамаш а дац. Нохчийчоь тахана уггаре а синтеме регион ю, иза чIагIдо ур-аттал дерригенна кхачо хиллачу Европо а. Ас эр ду шуьга уьш хIун лелош бу. Царна карабо дахарна юьстах бисинарш, масала, наркоманаш, цаьрга доьху: язде Кадыровна дуьхьал заявлени, ахча лур ду хьуна. Оцу кепара бакъйо цара шайна дозанал арахьара луш йолу гранташ. Церан Iалашо яц адамашна гIо дан, уьш бохкабелла бу, церан контора Iамаркехь ю, цундела цара дерриге а до тхан республика сийсазъяккхархьама. Йолуш ю тхо долчохь шайн декхарш хила ма-деззара кхочушдеш йолу бакъонаш ларъяран организацеш, болх байта цаьрга.

– Федеральни даржашка кхийда ойла юй хьан?

– Цкъа а хилла а яц, хир а яц. Суна ца лаьа я правительствехь а, я президентан администрацехь а, я Пачхьалкхан Думехь а, я Федерацин Кхеташонехь а болх бан. Иза суна оьшуш дац. Сайн болх кхузахь чекхбаккха лаьа суна…

– Дукха яздо Украинин малхбалехь тIемаш беш нохчий бу бохуш. Хьан маса махкахо вахана Донбассе?

– Дера бан-м бу цигахь шайн лаамехь баханарш, Нохчийчуьра хилла ца Iаш, кхечу регионашкара а, ур-аттал Iамаркахой а тIехь. Адамашна го Украинин куьйгаллин, Европин, Малхбузен агIорхьара нийсо лелош цахилар, Донецкан а, Луганскан а халкъ лардан дIаоьху уьш цига. Ткъа билггал маса стаг ву суна ца хаьа. Цхьаберш цIа богIу, вуьйш цига боьлху.

– Йолуш юй нохчийн батальон?

– Иза бакъдац. Нагахь цигахь нохчийн батальон хиллехь, Донбассехь дерриге а дукха хенахь дуьйна дIадирзина хир дара, дукха хан хир яра иза Киеве кхаьчна. Ма-дарра дийцича, цигара хьал кхин гена ца долуьйтуш дерг Россин куьйгалла ду. Тахана Украина ларъян стаг а вац, я иза ларъян герз а дац. Кегий нах нуьцкъала хьийсабо эскарехь гIуллакх дайта. Иза адамийн бакъонаш талхош гIуллакх хиларх лаьцна цхьаммо а дош а ца олу, цул совнаха долуш ма-ду Украинехь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларан эзарнаш бакъдерш. Цхьа а вистхуьлуш а вац. Дукха хан ю ас боху: нагахь агресси ярна вай бехке деш делахь, гайтий вай ваьш тIом муха бо. ТIаккха хаалур ю Киеверчу рожана молханан хьожа. Инарлашкара докладаш схьаэцар, парадаш дIаяхьар цхьаъ ду, ткъа етташ йолчу яккхийчу тоьпийн гIовгIа шена хааялар кхин ду. Нагахь Киевехь хIоьънаш муха лелха хаахьара, цара ойла йийриг хир яра Донбассехь хIаллакьхуьлуш болчу зударийн а, берийн а. Ткъа Одессехь динарг хIун ду? Губернатор хIоттийна шен халкъана ямарт хилла волу Саакашвили. Суна даима а хетара украинхой, шайн амбицеш а йолуш, майра, кхетаме адамаш ду аьлла. Суна хетарехь, цигахь цхьа а патриот висна а вац. Нагахь цхьаъ мукъана а виснехь, цо боьха лоллур вара Саакашвили: кхидIа а вилспет хехка хьайна Iамаркехь.

– Украинехь лехна ца Iа нохчийн лар, иза лоьху политик Немцов Борис верехь а. Хьо теший талламан органаша куьг бехкениг лоруш волу Дадаев Заур бехке хиларх?

– Гергарчара а, адвокаташа а дийцарехь, Немцов вуьйчу хенахь Дадаев Заур Доккхачу Москварецки тIайтIехь-м муххале а ца хиллера, уллехь а ца хилла. Дадаев лаьцна ГIалгIайчохь, адвокаташа чIагIдеш ма-хиллара, етта а йиттина. Цуьнца цуьнан накъост а хилла. Иза дIахецийтархьама Дадаевс бехк шена тIелаьцна. Кхин цкъа а боху ас, цунах дерг гергарчара а, адвокаташа а дийцина.

–Хьуна хьайна хIун хета гIарадаьллачу оцу зуламах лаьцна?

– Суна хетарехь, Нохчийчохь а ца лоьхуш, лар Украинехь, СБУ-хь, цул тIаьхьа США-хь лаха еза. Дуккха а бакъдолчара гойту оцу зуламна тIехьа лаьтташ кху сохьта Украинехь «Дудаев Джохаран цIарахчу батальонна» тIехь куьйгалла деш волу Осмаев Адам хилар. 2004-чу шарахь цуьнан да Осмаев Асламбек со вейта а гIоьртинера. Осмаев Адам болх беш ву малхбузерчу лерринчу службашна, цунна дика евза бале вала тарлуш волу стаг новкъара дIаваккхаран кепаш. Зулам динчара шаьш а пайдаоьцура Немцовх шайн Iалашонашкахь, шаьш новкъара дIа а ваьккхира, ткъа хIинца берриге а бехк цхьаьннан коча таса гIерта. Цхьана хенахь Немцов вен веза ас аьлла бохуш чIагIдан гIерта. Амма иза бакъдац. ХIун диначунна вуьйш вара оха иза? ХIун динера цо тхуна? Иза дуккха а шерашкахь тхо долчу веана а вацара. ТIаьххьара суна иза дейтта шо хьалха Гуьмсехь гинера.

– Цул совнаха кхидолчуьнца цхьаьна хьо бехке во Немцов вер вовшахтоьхна волу Геремеев Руслан ахь лечкъаво бохуш.

– Суна дика вевза Геремеев Руслан. Террористашна дуьхьал цхьаьний тIемаш бина оха. Ас Россин патриот лору иза, тахана цунна тIехь кхоьллинарг гIалат а лору. Ца теша со иза оцу гIуллакхах хьакхавелла ву бохучух. Бакъду иза, зорбанехула суна хезна иза дIавахана бохуш. Шуна хетарехь, хIун дан дезара цо? Бехке а воццушехь СИЗО-хь Дадаевна уллехь Iан везара? Цунна реза ца хиллачух тера ду иза. Дерриге а къаьстинчул тIаьхьа Геремеевн таро хир ю ша бехке цахилар чIагIдан а, ша сийзазваьккхинарш суьде бала а. Бакъду, иза цхьанхьа дIавахарх дерг суна хууш дац.

– Республикин Iедалшна хууш а доцуш леррина йолу операцеш дIахьош болчарна тIе герз тоха аьлла ахь динчу дIахьедаро йоккха гIовгIа яьккхира, нуьцкъалчу структурашна юкъахь а тIехь. Стенца доьзна дара сел чIогIа дIахьедар дар?

– Кхузахь гIуллакх деш хилла адамаш туьтм1аьжгаш йоьхкина хилла хиларца. Цхьанна а хууш дацара уьш муьлш бу – нуьцкъаллин органийн белхахой, я футболах ловзучу дийнахь зулам дан дагадеана болу террористаш. ТIом болчу хенахь туьтм1аьжгаш йоьхкина хиллачу адамаша лечкъа а беш, бойъура тхан бахархой, террористаша туьтм1аьжгаш йоьхкина болуш до шайн боьха гIуллакхаш. ТIамал тIаьхьарчу Нохчийчоьнна чIогIа лазаме ду и гIуллакх. 2005-чу шарахь дуьйна а ас аьлла дара: вай нийсачу новкъа дIадоьлхуш а, Конституци, бакъонан къепе ларъеш а хилча, оьшуш яц цхьа а тайпа маски-шоу. ХIун ду тхан лечкъо? Туьтм1аьжгаш а йоьхкина болх хIунда бо, нагахь вай деш дерг закон лардарна тIехьажийна деш хилча? Я шена луъург тхо долчу а вогIуш, цуьнга зуламаш дайта деза? Ставрополан нуьцкъаллин органийн белхахоша Дадаев Джамбулат лоцучу хенахь ерриге а бакъенаш а, законаш а талхийра. Иштта ца лоцу зулам дина аьлла бехке веш верг. Амма тахана цуьнца бала болуш цхьа а вац. Ур-аттал Дадаев верца доьзна долийна хилла уголовни гIуллакх а сацийра талламан комитето. ТIаккха ас элира: шайн дахарш Iожаллех ларде, туьтм1аьжгаш йоьхкинчу адамашна тIе герз тоха. Кхин цкъа а билгалдоккхур ду ас: полицин белхахошна хууш хIума а доцуш, карахь герз долчу адамашна. Сайн дешнех со юха а ца волу. Россин гражданех лаьтташ долу сайн халкъ лардан декхарийлахь ву со. Либералаша яздан долийра Кадыровс нуьцкъаллин органашна тIом кхайкхийна, царна тIе герз тоха аьлла бохуш, ткъа МВД-ра а, СКР-ра господаш оцу питанах тийшира. Со суо ву МВД-н инарла. Ас сайна дуьхьал кхайкхийна и тIом? Беламе ду иза.

– Хьан дIахьедар кхерам туьйсуш санна декаш ма-ду.

– Сан дIахьедаро кхерам туьйсу бандитана а, террористана а. Яххьаш къайла а ца йохуш, Россин мостагIашца оха тIемаш бина, бан ойла йолуш а ду. Леррина йолу операци дIахьош террористийн уггаре а гIараваьлла вевзаш волу куьйгалхо вийначул тIаьхьа цигахь дакъалаьцначарах цхьаммо а цкъа а къайла ца ехира шайн яххьаш. Терроризмаца иштта тIом латтийна оха.

Ткъа цхьанна кхерам тийсарх дерг аьлча, ишттаниг хазар а тамашийна хета. Ас цхьанна а кхерам ца туьйсу, ткъа доьху, доггIучуьра, айса хIиттийна доцу законаш а, бакъенаш а ларъяр. Сох гIоьртина цхьа а хIума хир дац Россехь. Лакхарчу коьртакомандующин зIенехула цхьа хаам, цхьа дош суна закон ду. Соьл чIогIа президентана муьтIахь цхьа а вац. Цуьнан куьйгалли кIел болчаьрца ас тIом муха бийр бу? Амма сох тешийначу лаьтта тIехь закон талхош верг сан а, берриге гражданийн а мостагI ву, Россин законашна хьалха шен гIуллакхех жоп дала а дезаш.

– Хьалха санна хIинца а вуй хьо террористийн гергарчара цхьаьний жоп дала деза аьлла хеташ?

– Дера ву. Цул совнаха со цецвер ву иштта ца хеташ стаг карийча. Амма къамел ма-дац гергарчу стага динчу даккхийчу зуламех хIумма а хууш хилла боцчу дуьххьалдIа цуьнан гергарчарах лаьцна. Нагахь стаг гергарчара бохург ца деш хьуьнаха дIаваханехь, адамаш дайъархьама кара герз эцнехь, уьш декхарийлахь бу бакъонаш ларъяран органашка цунах дерг хаийта. Ткъа нагахь террористана гIо деш делахь, цунна кхача латтабахь, герзаца кхачояхь, тIаккха уьш дуьххьалдIа гергара нах хилла ца Iа, уьш террористийн гIоьнчий бу. Делахь-хIета, гулдина ахча бандиташна дIадахьийтархьама цара кхузахь эца ца деза пенсеш, царна йогIуш яц белхан меттигаш. Нагахь цара иштта некъ хаьржиний, хьуьнаха гIо, кхузара дIагIо. Иза сан сацам бац, иза тхан халкъан сацам бу. Нагахь стаг шен хеннахь дохковаьллехь, юхаверза машаречу дахаре. Иштта тилабелларш эзарнашкахь кIелхьарабаьхна ас. Герггарчу хьесапехь бархI эзар жимачу стагана амнисти йира оха, уьш шайн хIусамашка юхаберзийра.

– Къамел машаран дахарна тIедерзаде вай? Соьлжа-ГIалахь дукха бу хаза зударий.

– Зуда яло дага-м ца деана шуна?

– Зуда ялорах лаьцна. Муха лору ахь дукха зударий хилар?

– Тхан динца магош ду дукха зударий хилар. Иза тIедожош дац, амма иштта таро йолуш ю, нагахь могашалла дика елахь, материальни хьал дика делахь. Дукха зударий оьшу  стеган езарш ца хилийта, хIунда аьлча могашаллица, доьзалехь барт эгIарца доьзна цунна дукха хIумнаш тIехIуьттуш хиларна, зуда, бераш даима Iехо дезаш хуьлу иза, цаьргара хьанал хилар а лоьхуш. Нагахь стеган арахьа цхьаъ елахь, хилийта иза цIена безам, вовшашца бинчу бартаца оцу зудчух шолгIа, кхоалгIа зуда а хуьлуш. Дуккха а болчара кхераме лору иза. Ткъа ас боху: масех езар хилла воцчу цхьана стеган мукъана а цIе яккха суна. Бац ишттаниш. Iехабо цара шайн зударий. Сайн зудчуьнга соьга цкъа а дийцалур дацара харцдерг. Цундела дукха зударий хилар дика ду, езарш хилар вуон ду. Нагахь со дукха зударий кхийларна дуьхьал велахь, со бусалба вац. Со стеган масех зуда хиларехьа ву, нагахь уьш цунна оьшуш белахь, оьшучуьнца кхачоян, Россехь демографин гIуллакх къастийна цхьалхадаккха таро елахь.

– ГIеметта хIоьттинчу стага 17 шо кхаьчна йоI ялорца боьзна болу тIаьххьарлера хилам. Муха хьоьжу хьо оцу гIуллакхе?

– Нохчийчохь вуьрхIитта шо кхаьчна йоI маре яхана 47 шо кхаьчначу могашчу, ондачу стаге, цо чIогIа синтем а байъина, ткъа кхечу регионашкахь, мел чIогIа халахеташ делахь а, эзарнаш зудаберашна ницкъаш барх лаьцна кIезиг дуьйцу. Дахарехь вуониг ца леладо тхан божарша, спортаца гергарло ду, 40 шо кхочуш гIеметта хIутту иза. Дукха хан йоццуш тхан 93 шо кхаьчначу воккхачу стага 33 шо долу зуда ялийра, церан кIант хилла. Цхьадолу хьал тIехIоьттича Москвахь йоIана бакъо ло 16 шо кхаьчча маре яха, Башкирехь – 14 шо кхаьччахьана, Нохчийчохь 17 шо кхаьчча, школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа. Школа чекхъяккхалц оха бакъо ца ло, ткъа дешна яьллачул тIаьхьа иза маьрша ю.

– ТIаккха хаттар хIутту светски законашна а, шарIан законашна а юкъахь болчу барамах лаьцна.

– Оха Россин Федерацин закон талха ца до. ЗАГС-хь цхьана бракана бен регистраци ца йо. Россехь вехаш 25 миллион бусалба ву, Дагестан, Нохчийн Республика, ГIалгIайчоь санна йолчу регионашна дукха зударий хиларна бакъо яла а еза. И бахьанехь тхо акха адамаш лорурш шаьш бу акха, хIунда аьлча боьршачу стага зудчуьнга йолу шен цIена, нийса юкъаметтиг гайтар иза хиларна. Ур-аттал советийн Iедалан шерашкахь а, тхан халкъ Казахстане дIадахийтинчу хенахь а, шайн хана тохарна кхерам боллушехь ялайора шолгIа а, кхоалгIа а зуда. Дукха хьолахь иза доьзна дара тIеман аренашкахь, шелонна, мацаллина иттаннаш эзарнаш боьрша нах хIаллакьхилла хиларца. Цундела оьшура берийн, бисинчу зударийн гIайгIабар.

– Республикел арахьа нохчаша лелош долчунна резабацарш дукха ду. Аш болх бой кегийрхошца?

– ХIинца данне а кхечу кепара хьал ду, иза лартIе деана, харцахьа лелар нийса ца хета. Нохчий лартIехь бехаш бу пачхьенехь. Москвас бехкаш ца доху. Ткъа къепе талхош, зуламаш деш, маьттаза бага етташ верг, нагахь иза Нохчийчуьра веанехь а, нохчи вац. Ишттачарна къинтIера довлар а доьху ас. Лела ца хуучаьргара луьра жоп доьху оха: цIа а балабой, церан гергарчаьрга дIало, цаьрга болх байта, латта ахкийта, гIишлош яйта. Аттачу некъаца ахча доккху меттиг яц Москва. Ишттачу адамашка оха олу: хьо воцуш москвахой шаьш а тоьаш бу. Нагахь шуьгахь билггал бакъдерш делахь, дIаязъе талхор динчун машенан номер, йийца иза волу меттиг. Оха сихха къастор ду цаьрца дерг.

– ТIаьххьара хаттар. Депардье Жерара дIатесний Соьлжа-ГIалара шен хIусам?

– Дукха хан ю Депардье кхузахь хилаза. Цуьна-м дуккха а хIусамаш хилла, иза хьал долуш стаг ву. Халахета республике иза ца вогIуш. Тхо долчохь юкъараIойлехь иза Iаш волчу хенахь башха дика кхача кечбора цо, ша а вара цунна тIера. Нохчийн Республике иза схьавало аьтто хир бу моьттуш вара со, иза волчу цо кечбинчу кхачанах кхета таро а хир ю. Цунах гIуллакх ца хили. Амма охашимма вовшашца зIе латтайо, доттагIалла леладо. Иза баккъал а тхан дика доттагI ву.

– Иза волчу хьошалгIа ваха ойла хиллий хьан, я санкцеша новкъарло йо?

– Франце ваха хала ма-дац. Цигахь дукха ду некъаш санкцешна голатоьхна дIакхача таро йолуш. Амма цкъачунна хан яц. Дукха ду кхузахь гIуллакхаш.

 

Зорбане кечйинарг –Л.МАГОМАЕВ

№70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: