Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачарца нохчий декъалбина Путин Владимира

Путин Владимира Нохчийн Республикин бахархой декъалбина Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачарца.

«Баккъал бакъо а йолуш, шайн ширачу, исбаьхьачу махках дозалла дан йиш йолуш ду шу. Шайн ворхlе дайша шайна ларбан а, цуьнан дуьхьа дала а, даха а битинчу Даймехкан сий дан, гlиллакх-оьздангалла, ламасташ лардан, шайн культура а, мотт а, шайн халкъан турпалхой а, халкъа йуккъера тоьлла говзанчаш а шайн цlерашца бийца, кхайкхо, дозаллица иэсехь латто хьакъ долуш а шу ду.Тахана а, дlахьочу тlеман лерринчу операцехь дакъа а лоцуш, шайн синош а ца кхоош, турпалалла гойтуш, Россин паргlато ларйархьама, тlеман цlергахь болчу шайн бlанакъосташца цхьана могlарехь, белшах белш а гlортийна, схьадаьхкина а, схьадогlуш а ду шу«, — билгалдаьккхина Россин Федерацин Президента шен телеграммехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: