НР-н 100 шо кхачарца Коков Казбека а декъалдина нохчийн халкъ

Нохчийн Республикин 100 шо кхачарца ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека декъалвина Кадыров Рамзан а, нохчийн халкъ а.

«Нохчийн халкъо, къинхьегаме болчу шен безамца а догӀуш, кӀеззигчу хена чохь кхуьуш болу мохк бина шен республиках«, — йаздина цо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Коков Казбека тӀе тидам бахийтарехь, таханлерчу Россин субъектийн уггаре а кхиамечу субъектех цхьаъ йу Нохчийн Республика.

«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дӀаболийначу а, тахана сан вашас, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀахьочу а некъах даьлла беркат ду иза«, — билгалдаьккхина цо.

Шен декъалдаран кост дерзош, Нохчийчоьнан бахархой могаш-маьрша а, кхиаме а хилар шена лууш хилар а хаийтина ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: