«Нохчийн халкъан культура, Ӏадаташ, ламасташ — вайн йукъара хазна йу«, — иштта билгалдаьккхина шен декъалдаран костехь Россин Пачхьалкхан думин спикера Володин Вячеслава.
Билгалдоккху и декъалдар Нохчийн Республикин 100 шо кхачарна лерина хилар.
«Нохчийн Республика кхоьллина 100 шо кхачарца декъалво хьо, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, иштта, республикин берриг бахархой а«, — йаздо цо.
Цул сов, Нохчийн Республика, Россин кхуьуш йогӀучу субъектийн могӀарехь хиларал сов, Россин кхерамазалла Ӏалашйарна йукъахь доккха дакъалоцуш хиларна тӀе тидам а бахийтина Володин Вячеслава.