1 224 меттигна лерина керла ишкол схьайиллина НР-н пачхьенехь

Пачхьенерчу Висаитовн кӀоштахь, дакъалоцуш Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а волуш, схьайиллина 1 224 меттигна лерина керла ишкол.

№12 йолу иза дешаран кхузаманахьлерчу лехамашца йогӀуш а йолуш, хаза а, битаме а гӀишло йу.

Дешаран кабинетел сов, спортан 2 зал а, 2 бассейн а, гуламан йоккха зал а, кхачанан чоь а, лаборатореш а, библиотека а, и.д.кх.а йу цу чохь.

Цул сов, куьце йалийна уьйте а, ков-керт а ду, иштта, кертахь спортан а, футболан а майданаш а йолуш.

Керлачу ишколехь балха 176 стаг дӀатарвина, шайх 111 — хьехархо а волуш.

Билгалдаккха догӀу иза схьайеллар селханлерчу хиламна лерина хилар — Республикин Денна а, Нохчийн Республикин 100 шо кхачарна а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: