COVID-19 йаржар а, бахархошна вакцинаци йар а

Россин субъекташкахь йуха а йаржа йолайелла COVID-19 инфекци. Иза билгалдолу Коронавирусан инфекци дӀасайаржарца къийсам латторан декъерчу Кадечу штабо довзуьйтучу терахьашца.

Масала, тӀаьххьарчу дийнахь оцу инфекцис лаьцнарг 48 эзар гергга стаг ву Россехь, шайх 94 кхелхина а волуш.

Нохчийчоьнан хьокъехь аьлча, COVID-19-на дуьхьал вакцинаци а, ревакцинаци а йаран декъехь къахьоьгуш 46 туш йу, ткъа коронавирусан инфекцина дуьхьал йолу иммунитет — 10% бахархойн.

Вайн махкахь и терахь сихонца хийца дезаш ду, хӀунда аьлча, йукъараллин иммунитет 80% тӀе кхачор ду меттигерчу лоьрийн а, говзанчийн а Ӏалашонехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: