ТIамо гIело йиначарна гIо дийр ду

Вайн республикехь хилла ца Iаш, цуьнан дозанел генна арахьа а дика евзаш ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Региональни юкъараллин фонд а,  мискачарна, накъосталла оьшучарна цо деш долу г1о  а. Кхечу гIаланашкара, я мехкашкара дарба, я лоьраш эшначарна дарбанаш лело а, гIийла бохкучарна, я хIусам йоцуш бисинчарна хIусамашца кхачоян а, дуккха а кхидолу беркате гIуллакхаш дан а фондо ахча къастийна хиларна дало дуккха а масалш ду.

226063_600

Ткъа хIинца оцу фондан президента Кадырова Айманис сацам бина Шемара  тIамах бевдда Иордане баьхкинчарна гуманитарни гIодар кхин а цхьана шарахь дIадахьа.

Цунах лаьцна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира Россин Федеральни собранин Федерацин Советан Дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместительца Сабсаби Зиядца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Цигахь З.Сабсабис Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга дIаделира Иорданерчу нохчийн юкъараллин гоьбевлла болчу векалша  шайха Джамо Iабдул-Бакъис а, пачхьалкхан гIуллакххочо Бено Самиха а яздина кехат. Цу тIехь цара доьху Шемарчу тIамах бевдда лелачу оцу мехкан бахархошна, Къилбаседа Кавказан халкъийн векалшна  гуманитарни гIодар кхидIа а дIадахьар.

Р.Кадыровс билгалдаьккхина ма-хиллара, и гIуллакх оцу сохьта къастийра.

«Кадырова Айманис, церан дехарна жоп луш, т1елецира гIодар кхидIа а д1адахьа. ГIо дарна юкъадоьду тIамах бевдда леларш чохь Iачу хIусамех а, школашкахь, вузашкахь дешарх а, кхачанан сурсатех а, медицинин гIо дарх а мах балар», – яздина Р.Кадыровс инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь.

З.Сабсабис иштта Р.Кадыровга дIаделира Шеман Президента Асад Башара иза Дамаске хьошалгIа кхойкхуш хиларан хьокъехь  долу кехат.

С.ЛАЛАЕВ

 №70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: