Къаьмнийн театрийн Йерригроссин «Федерация» IV-гӀа фестиваль дӀахьур йу

Карарчу беттан 11-чу дийнера 19-гӀа де тIекхаччалц Къаьмнийн театрийн Йерригроссин IV-гӀа «Федерация» фестиваль дӀахьур йу Соьлжа-ГӀалахь.

Х.Нурадиловн цӀарахчу къоман драмин театран а, М.Лермонтовн цӀарахчу оьрсийн драмин театран а, Къоначу хьажархочун театран а сценаш тӀехь шайн тоьлла спектаклаш гойтур йу Россин регионашкарчу къаьмнийн 10 театро.

Дагадаийта лаьа «Федерация» I-ра фестиваль Соьлжа-ГӀалахь 2019-чу шарахь дӀайаьхьна хилар.

Иза, къоман «Культура» проект кхочуш а йеш, Россин Федерацин культурин министерствон а, Россин театрийн гӀуллакххойн союзан а дӀадолорца дӀахьош йу.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, Нохчийн Республикин Правительствос а, Нохчийн Республикин культурин министерствос а доккха гӀо-накъосталла лоцу иза дӀайахьарехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: