Донбассехь тӀеман леррина операци дӀайахьарехь дакъалацар Ӏалашонехь а долуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортера дӀабахана нохчийн бӀаьхойн.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина уьш Къоман гвардина йукъайогӀучу «Север» полкан а, «Юг» батальонан а салтий а, «Ахмат-Грозный» ОМОН-н бӀаьхой а, мехкадаьттан а, газан а комплексан объекташ ларйаран полицин полкан белхахой а хилар.
Кадыров Рамзана царах нохчийн халкъан тоьлла болу кӀентий аьлла, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран тӀедахкарш цара Донбассехь кхочушдийриг хилар а хоуьйтуш.
Уьш новкъабахарехь дакъалаьцна республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада а, Вице-премьера Висмурадов Абузайда а, Къоман гвардин НР-ла йолчу Урхаллин хьаькама Делимханов Шарипа а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана а.
Ша царах дозалла дарна тӀе тидам а бохуьйтуш, царна хьалха лаьтта Ӏалашонаш карлайаьхна Кадыров Рамзана: украинхойн нацисташ хӀаллакбар, Донбассера маьрша бахархой ларбар.
Иштта, сихонца а, толамца а уьш цӀаберзар шена лууш хилар а хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.