Нохчийн суьрташдахкархойн гайтам — Краснодаран махкахь

Краснодаран махкарчу Геленджикехь дӀахьош бу «Нохчийн палитра»: Нохчийчоьнан суьрташдахкархоша — Ӏаьржачу хӀордана» аьлла болу гайтам.

Гайтамера суьрташ

Меттигерчу бахархошна а, хьешашна а лерина бу иза.

Вовшахтохархоша билгалдаккхарехь, оцу балхо «цхьаьнатухур» бу Краснодаран махкара а, Нохчийчуьра а кхоллараллин ницкъаш.

Суьрташдахкархойн белхаш хилла ца Ӏара гайтаман хьешийн кхиэлехь — говзанчаша шайна куьйга тегна истангаш а дара.

Иштта, цӀейахханчу искусствоведа Булах Аннас гайтамехула экскурси а йира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: