«Фарфоровая Россия» скульптора Павла Каменского» гайтам а, «Незримое искусство. Расширяя границы возможного» инклюзиван гайтам а дӀахьур бу Соьлжа-ГӀалахь.
ТӀебогӀучу беттан 3-9-гӀий деношкахь и ший а гайтам дӀахьош йу пачхьалкхан «Эрмитаж».
Культурин программа лекцех а, виртуальни экскурсех а, «Эрмитаж VR» кинотеатрах а, музейн белхалошна йукъарчу телетӀайх а лаьтташ хир йу.
Гайтамаш дӀабахьарехь гӀо-накъосталла деш йу Нохчийн Республикин культурин министерство а, Санкт-Петербурган арахьарчу зӀенийн комитет а.