Россин оборонин министерствон «Север-Ахмат» полкан а, «Юг-Ахмат», «Запад-Ахмат», «Восток-Ахмат» батальонийн а бӀоьхошца цхьаьна а кхеташ, пачхьенерчу Хан-ГӀалахь хилла Кадыров Рамзан.

Цигахь йина керла гарнизон, бӀаьхошна мел оьшуш долу хьелаш а кхуллуш.
Цул сов, оццу кертахь иэсан хӀоллам а схьабиллина — Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Федерацин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина бу иза.
Полкан а, батальонийн а хьокъехь аьлча, герзаца а, барзакъца а, тӀеман техникица а кхачо йу царна йина.
Цул сов, шаьш бӀаьхой а бу Даймехкан гӀаролехь латтаран зеделларг долуш.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхина уьш, Лаккхарчу Коьртачу буьйранчин омра хилахь, дуьненан муьлххачу а маьӀӀехь шайх тешийна декхарш кхочушдан кийча хилар.