Шайн бахамаш кхиоран балхана гранташ лур йу фермершна

20 сов «Агростартап» грант йала а, 8 кооперативан харжаш меттахӀитторехь дакъалаца а лерина карарчу шарахь.

И болх дӀабахьа Нохчийн Республикина 122,7 млн сом ахча лур ду федерацин бюджетера, тӀеоьшуш долу 2,3 млн сом республикин бюджетера билгалдоккхур а долуш.

Лакхахь хьахийна и гранташ йаларо белхан 20 меттиг кхуллург хилар хоуьйту Нохчийн Республикин йуьртан бахаман министерствос.

Цул сов, доьзалан фермаш кхиорна 4 грант лур йу, белхан 12 меттиг а кхуллуш.

Иштта, шен гӀирсийн а, техникин а бух цӀинбан грант 1 кооперативна а лур йу. И болх бахьана долуш, цигахь а кхуллур йу белхан 2 меттиг.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: