Селхана вайн махкахь дӀадаьхьначу Кхажтасаран цхьааллин дийнан жамӀаш довзийтина Нохчийн Республикин Харжамийн комиссис.
Билгалдоккху Роьшни-Чохь а, Дубин-Эвлахь а бахархоша меттигера депутаташ хоржуш хилла хилар.
➤ Роьшни-Чохь кхажтасарехь дакъалаьцна 1 942 (56,85%) стага.
Цигарчу депутатийн 13 мандатах 11 мандат «Единая Россия» партин векалшна кхаьчна, ткъа 2 — КПРФ-н векалшна.
➤ Дубин-Эвлахь кхажтасарехь дакъалаьцна 2 312 (53,61%) стага.
Цигарчу депутатийн 12 мандатах 11 «Единая Россия» партин векалшна кхаьчна, ткъа 1 — КПРФ-н векална.