Берийн бошмашца доьзначу гӀуллакхна Ӏедало терго йийр йу

Бахархойн терахь республикехь алсамдолуш хиларе терра, маьӀнечух ду ишколал хьалхарчу дешаран тӀегӀа кхиор а.

Кадыров Рамзан а, Черхигов Адам а

НР-н Правительствон Ишколал хьалхарчу дешаран комитетан председательца Черхигов Адамца ша дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхина иза Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, берийн бошмашца доьзна гӀуллакх Ӏедалан куьйгаллера терго оьшуш а ду, и терго цунна хир йолуш а йу.

Оцу декъехь уггаре а коьрта кхачамбацар берийн бошмашкахь меттигаш цатоарца доьзна ларалуш ду.

Цуьнца а догӀуш, сацам хилла карарчу шарахь 4 берийн беш йан, ткъа тӀедогӀучу шарахь — кхин а 7.

Цул сов, масех берийн беш а, берийн ловзаран майданаш а тойаран белхаш а дӀахьур бу сихонца.

И гӀуллакх шена тӀелаьцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Тидамза дуьтур дац бошмашкара санитарин а, эпидемиологин а хьал а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: