Соьлжа-ГӀаларчу некъийн инфраструктурехь баккхий хийцамаш хир болуш бу гергарчу шерашкахь.

ВКонтакте чуьрчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхина оцу хийцамашна йукъа В.Путинан цӀарах проспект Коперникан некъах «тасар» а, В.Алиевн а, Н.Назарбаевн а урамаш цхьаьнакхетаран майда хийцар а, и.д.кх.а догӀуш хилар.
Делахь а, царах хьалхайоккхур йолуш В.Алиевн а, Н.Назарбаевн а урамаш цхьаьнакхетаран майда хийцаран проект йу.
Билггал аьлча, лаьтта тӀехулара асанаш йийр йу цигахь:
> В.Алиевн урамера Н.Назарбаевн ураме волуш;
> Н.Назарбаевн урамера В.Алиевн ураме волуш;
> В.Алиевн урамера С.Лорсановн ураме волуш.
Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна иштта проект йовзийтина Вице-премьера — автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара.