Цхьа-ши дош…

«Иблисан пачхьалкхерчу» террористаша стомара эккхийтира Шемарчу ширачу Пальмирера еза меттиг. Масех де хьалха дIахьедира оцу зуламдайша шаьш цига минаш ехкина хилар а, и меттигаш лоьлхуьйтург хилар а.

                                         ***

Йовхо тIех Iаткъар бахьанехь ялх бIе сов стаг кхелхина Пакистанехь. Цигарчу бахархоша боккха бала хьоьгу хи ца тоарца, сих-сиха электроэнерги дIаяккхарца доьзна.

                                         ***

Пентагонан куьйгалхочо бечу хаамашца США кийча ю Европин пачхьалкхашкахь шен 250 танк а, БТР а, кхийолу еза техника а дIахIотто.

                                         ***

Францерчу морякаша забастовка йира кху деношкахь. Цара Ла-Манш бухалара тоннель дIакъевлира. И бахьанехь бIеннаш машенаш, иттаннаш цIерпошташ дIасадаха аьтто боцуш дисира.

                                         ***

Эрмалойчоьнан бахархоша Ереванехь йоккха митинг дIаяьхьира. Цара дIахьедора электроэнергин тарифаш 16 процентана лакхаяхарна шаьш реза цахилар. Урамашка бевллачарна юккъера уггаре а карзахе хьийза 300 сов стаг полицис дIалецира.

                                         ***

Украинин Iедалан эскарша цхьа а де ца долуьйту Донецкан а, Луганскан а республикашкарчу гIаланашна, ярташна даккхий герзаш ца детташ. Стомара маьрша ши стаг велла и бахьанехь.

                                         ***

Парижехь дIахьур ду «нормандски четверкин» кхечу мехкийн гIуллакхашкахула болчу министрийн цхьаьнакхетар. Цара дийцаре дийр ду Украинера хьал.

                                         ***

КНДР-н спикерца цхьаьнакхийтира кху деношкахь Россин Федеральни Собранин Федерацин Советан Председатель В.Матвеенко а, Пачхьалкхан Думин Председатель С.Нарышкин а.

                                         ***

Россин Юкъараллин Палатин юбилейни (уьтталгIачу) пленарни заседанехь дакъа а лецира, къамел а дира вайн мехкан Президента В.Путина.

                                         ***

Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс Петрозаводскехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира оцу регионехь йолчу ярташка газ ялорна кечамбаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

                                         ***

Россин энергетикин министерствехь бечу хаамашца карарчу шарахь вайн махкахь мехкадаьтта даккхар 3 миллион тоннана алсамдала тарло.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: