Р.Кадыров: ХӀора а субъектан куьйгалхочо гайта деза ша пачхьалкхана гӀо дан кийча хилар

Федерацин кеп йолу пачхьалкх йу Росси, шена йукъайогӀуш йолчу субъектийн муьлхха а дӀадолорш кховдо бакъо а йолуш. Ишттачу дӀадолорех тахана хила йеза шаьш-шайна йеш йолу мобилизаци. Telegram чуьрчу шен каналехь иштта дӀахьедар дина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана дийцарехь, Кремло махкахь тӀеман хьал кхайкхоре йа Украинера тӀеман леррина операци дӀайерзаре а ца хьоьжуш, хӀора а субъектан куьйгалхочо гайта дезаш ду пачхьалкхана гӀо дан ша кийча хилар.

«Суна хетарехь, хӀора а субъектан куьйгалхо аьтто а, ницкъ а кхочур болуш ву оцу операцехь шайн лаамехь дакъалаца луучарах цхьацца эзар стаг кечван. Цхьана субъектана иза лаххара а, кӀеззиг а барам хиларх а, Россин тӀегӀанехь иза 85 эзар стаг ву — эскаран биста кхаччал тӀегӀа ду иза«, — йаздина цо.

Цул сов, тӀеман лерринчу операцица доьзна гӀуллакх, махкахь тӀеман хьал ца кхайкхош а, йоццачу хена чохь дӀадерзалург хиларх а тешна ву Нохчийчоьнан Куьйгалхо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: