Луганскан Халкъан Республикерчу Перевальск гӀалина тӀе даккхий герзаш тоьхна Украинин эскархоша. И бахьана долуш 7 стаг лазийна а, 1 вийна а ву.

Ӏамаркан HIMARS системийн гӀоьнца дина и тохарш меттигерчу колледжана а кхаьчна.
Оцу хьокъехь ша бинчу хаамехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхина Донбассерчу республикийн бахархой Киеверчу зуламхойн хунтин векалша байъаран дакъа Малхбузенна а, Европина а кхочуш хилар — цунна и герзаш цара латторна.
«Артиллерин тоьллачу герзах укронацисташа пайдаэцар тидаме эцча, цара и дешаран хьукмат билггал хаьржина хиларан хьокъехь шеко ца йуьсу сан«, — йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Telegram чуьрчу шен каналехь.
«… Шайна тӀеман трибунал хир йац моьттучух тера ду царна. Амма, бехкбоцу нах байъарна, вайх хӀоранга а, массаьрга а жоп хоттур ду. Вай уьш ловзор болуш а бац, хӀора а дегӀах цаьрга жоп хоттур долуш а ду«, — тӀетоьхна цо.