Къилберчу халкъийн культурин а, спортан а фестиваль — Соьлжа-ГӀалахь

Россин Къилберчу халкъийн культурин а, спортан а XII-гӀа фестиваль дӀахьур йу Соьлжа-ГӀалахь карарчу беттан 23-26-чуй деношкахь.

«Спорт — дахаран кеп» федеральни проектан а, Россин халкъийн культурин тӀаьхьалуонийн шеран а гурашкахь дӀахьош йу иза.

Цигахь дакъалоцур ду Къилбаседе-Кавказан а, Къилбенан а округийн субъекташкарчу а, доттагӀаллин пачхьалкхашкарчу а делегацеша: 1) Нохчийчоь; 2) ГӀалгӀайчоь; 3) Дагестан; 4) Кхарачойн-Чергазийчоь; 5) ГӀебартойн-Балкхаройчоь; 6) Къилбаседе ХӀирийчоь; 7) Ставрополан мохк; 8) Краснодаран мохк; 9) ГӀалмакхойчоь; 10) Эдигей; 11) Ростовн область; 12) Астраханан область; 13) ГӀирма; 14) Севастополь.

Фестивалехь, лакхахь билгал ма-даккхара, дакъалоцуш 14 субъектан 600 сов векал хир ву.

Иштта, спортан 10 кепехула къийсадаларш хирг хилар а хоуьйту вовшахтохархоша: йай атлетика, мини-футбол, армспорт, секха-Ӏад кхоссар, муш дӀасаозор, гӀалин спорт, шахматаш, и.д.кх.а.

Цул сов, Дагун Омаевн цӀарахчу Даздарийн цӀийнехь (Соьлжа-ГӀала) Къаьмнийн коллективийн «Дукхасибате Росси» аьлла йолу Йерригроссин форум а дӀахьур йу.

Форум дӀайирзинчул тӀаьхьа хир йу М.Пятницкийн цӀарахчу Оьрсийн халкъан (пачхьалкхан академин) хоран концерт.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: